Челябинскан юккъерчу кIоштан кхело Цибуковский Дмитрийна ши шо ах шо, цуьнан хIусамнанна ши шо колонехь даккха хан кхайкхийна. И шиъ бехке дина политикан цабезаман а, мостагIаллин а бух тIехь вандализм а, хулиганалла а лелорна. Бахьана ду цаьршимма "ФСБ – коьрта террорис" тIеяздина баннер кечъяр. Цунах лаьцна хаам бина "Агора" бакъонашларъярхойн тобанан куьйгалхочо Чиков Павела, жигархойн адвокаташна тIе а тевжаш, яздо "Карара хан" телеканало. Юкъараллин ши жигархо дIалецира 2020-чу шарахь Охан-беттан 16-хь... Читать дальше...
Еарин дийнахь ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центре (ЦПЭ) кхайкхинчу гIалгIайн "Гражданская инициатива" партин лидеран Хазбиев Мохьмадан караделла, кхаа дийнахь хинболу харжамаш герга кхочуш Iедалшца дагаваланза нах гулбеш барамаш хIиттор доьхкуш. "Хазбиевга дIахоуьйту, Оьрсийчоьнан Конституцица цхьаьна ца догIуш, "Экстремизмна дуьхьалояран" Федералан низаман а, "Гуламех, митингех, демонстрацех, пикетех" а долу ГIалгIайчоьнан Республикан низам а дохорца жоьпалла тIедожош хилар, и барамаш вовшахтоьхначарна а... Читать дальше...
Туркойчохь вехачу Халитов Хьасана а, Бельгехь дIатарвеллачу Мамакаев Iилмана а дийцина, Истанбулехь нохчийн хиллачу полисхочунна йиттинчул тIаьхьа Нохчийчохь лецна шайн гергарнаш дIахецна хиларх лаьцна
Къоман антитерроран комитето (НАК) хаамбина, Дагестанерчу Буйнакскан кIоштахь дIахьочу лерринчу операцехь тIемло ву аьлла, шиъ вийна шаьш аьлла. Герзаш диттинчу метигехь карийна автоматикан герз а, тIеман гIирс а, ткъа гIаттамхой бара баьхначийн машенахь эккхийта кечйина мина хиллера, яздо НОВОСТИ агенталло, НАК-ан информацех пайдаэцна. Тахана Iуьйранна контртерроран операцин раж кхайкхийнера Дагестанерчу Буйнакскан кIоштан цхьацца меттигашкахь. 2016-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Къилбаседа... Читать дальше...
Шемарчу Хомс провинцехь велла Оьрсийчуьра салти. Некъан йисте йоьллинчу оьккхуьйтурго цуьнан машен эккхийтина хилла. ТАСС агенталло бина цунах хаам, Оьрсийчоьнан тIеман министраллан дIахьедарна тIетевжина. Гуманитаран мохь бохьуш чекхъяла езачу машенан маршрут толлуш хиллера иза. Хиллачу эккхийтарехь чолхе чевнаш йинера цунна. Вийначун цIе а, муьлхачу даржехь хилла а хоуьйтуш дац, цо гIуллакх деш хиллачу декъан цIе а санна а. Официалан зерашца, Шемахь Оьрсийчоьно тIеман компани йолийчхьана вийна 100 сов оьрсийн эпсар. Читать дальше...
Хьалхо тIемалошна юкъах хилла ю аьлла, шеконашкахь хилла ГIалгIайчуьра яхархо Шемахь тIемаш бечу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна керла юкъабахнарш Iамочу куьпахь хилла ю аьлла, чIагIдо талламхоша. Кавказский узел интернет-гIирсо бина цунах лаьцна хаам. Талламан версица, 20I5-чу шеран Охан-батте кхаччалц мехкан яхархо Шемахь жигара дакъалоцуш хилла "Исламан пачхьалкхан" (террорхойн лаьрра, Оьрсийчохь йихкина ю)гаранехь. Минаш яхка а, лоьлхуьйтурш дан а Iамош, сихаллин лоьрийн гIо кхачор а карадерзош хилла иза... Читать дальше...