Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ДПС-н инспектор вийна Соьлжа-ГIалахь. ТIелеттачунна герз диттина

Соьлжа-ГIалахь кварталан маьждигехь вевзаш воцчо ДПС-н инспектор вийна, тIелеттарг оцу меттигана уллехь герз диттина вийна. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига Нохчийчоьнан низамлардаран органашкарчу хьостано хаамбина.


Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмерчу каналехь дийцина ма-хиллара, ламаз дечу юкъанна тIекхетта иза ницкъахочунна. Вада гIоьртича вийна бохуш дуьйцу.


"Карарчу хенахь полисхоша зуламхочун гIоьнчаш хила мегарш лоьху, иштта зулам даран бахьанаш а", - дIахьедина Кадыровс.


ТIечIагIйина йоцучу информацица, ДоттагIаллин хIолламна уллехь вийна тIелеттарг, Путинан проспект а, Назарбаеван цIарх урам а вовшахкхетачу меттехь. Niyso телеграмерчу каналехь арахецначу видео тIехь герз кхуьйсуш хеза, тIаккха стаг лаьтта охьавужу. Иза хьалагIотту, тIаккха рогIера герз диттича иза юха охьавужу.



Дайначу шеран мангал-баттахь карахь урс долчу стага стационаран постехь хадеш хиллачу Оьрсийчоьнан Нохчийчуьрчу МВД-н цхьанатоьхначу тобанан декъашхошна тIелатар динера, аьлла хаамбира низамлардаран органаша. Табелан тапча йиттира цунна полисхоша, тIаккха хиллачу чевнех кхелхира иза. Полисхойх цхьа а лаза ца вира.
2019-чу шеран мангал-беттан 23-хь Соьлжа-ГIалахь некъан полицин белхахочунна уьрсаца тIелатар дира меттигерчу вахархочо 21 шо долчу Барзаев Ахьмада. Официалан версица, инспекторна Сафиулаев Рамильна чевнаш йина хиллера цо. Оцу заманчохь тIехволучу Росгвардин эскархочо Джабраилов Зеламхас герз тоьхна, вийнера тIелатар динарг. Герз кхетале Барзаев кхиина хилла Джабраилов лазо а.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus