Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Колонешкахь гIелоеш яьхна керла видеош гучуяьхна Gulagu.net проекто 

Красноярскерчу номер 1 йолчу туберкулезан дарбан цIийнехь ницкъбеш яьхна керла видеош Iораяьхна бакъоларъяран Gulagu.net  проекто, хаамбо "Север.Реалии" портало. Проектан керлачу информаторо дахначу кIиранах Франци дехьаяьхначу къайлахчу сервисан (ФСБ) а, таIзар кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН) а къайлахчу архивера дуьххьарлера видеош ю уьш.


Видео тIехь гуш ду, тIеIаткъам беш, етташ, сийзазвеш кхозлагIчу тутмакхна тIехь дан дезарг шина тутмакхна  хьоьхуш ФСИН-н белхахоша. ТIаьхьо жимстаг валаво царна тIе, ФСИН-н белхахочун тIедахкарш цунна тIехь кхочушдо тутмакхаша.


Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира дийцарехь, оцу чохь хIоттийначу камере къизаллаш лелош дIа ца яздайтархьама, цхьахволчу тутмакхо дIаяржайо гоьнаш а, юргIанаш а.


Иштта бакъонашларъярхочо чIагIдо, камера чохь чиркхан серло а лахъеш хиларх - оццу Iалашонашца. Оцу юкъанна колонин белхахой камера чу богIу, амма сацон ца хьовсу хуьлуш дерг.


Эха сахьтехь дIаязйинчу видео тIехь го, тутмакх корах чу вужуш. Бакъоларъярхоша чIагIдарца, ша шена тIе куьйгаш дахьар дацара иза.


"Тхан кара кхаьчначу материалан цхьа процент ца кхочу публикаци ю хIара", - дIахьедина проектан авторо.



ГIуран-беттан юккъехь бакъонашларъяран Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира хаам бира, оьрсийн колонешкахь тутмакхашна тIехь ницкъбарх, шинарин дийнахь шен информаторан Оьрсийчуьра араяккха аьтто баьлла керла видеоархив шега кхачорах. Осечкина дийцарехь, 2016-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц Красноярскан а, Приморскан а кIошташкарчу а, Забайкальерчу а колонешкахь дIаязйина хилла 200 гигабайт видеош ю диска тIехь.
Осечкинан дIахьедарца а догIуш, керлачу видеоархивехь къаьстар ду, гIело еш дакъалоцуш ФСБ-н белхахой а цхьана хиларх.
ГIадужу-баттахь, хьлхо Оьрсийчуьра дIавахначу Осечкина, дIахьедира шен кара видеоархив кхаьчна хиларх лаьцна, колонешкахь чубоьхкина нах хьийзош якьккхина йолу. Иза цуьнга елла ФСИН-хь хьалха болх беш хиллачу Савельев Сергейс. Юьйцурш ю 40 сов гигабайт видеош. Осечкина дийцарехь, цара "гучудоккху Оьрсийчуьрчу набахташкахь лелаш ФСБ-н а (Оьрсийчоьнан кхерамазаллин сервис), ФСИН-ан а (Федералан таIзарш кхочушдон сервис) агентийн "зондеркомандаш" хилар, кураторша тIедилларца чубоьхкинчу нахана гIело еш а, ницкъбеш а лелаш йолу.
Архиван цхьа дакъа зорбанан гIирсашкахь даржийна, иштта видеош дIахьажийна Iазап лелор юхатохаран Европерчу комитете. Архив зорбане яьккхича Талламан комитето долийна масех бехктакхаман гIуллакх, ткъа ФСИН-ан куьйгалхочо Калашников Александара дитира шен дарж.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus