Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ГIалгIайчохь лаьцначу талламхочун уьйраш хилла батIалхьажошца

Де хьалха ГIалгIайчохь лаьцна талламхо а, регионерчу прокуратуран хилла белхахо а.  Кхаьънаш эцарх а, даржел совбийларх а бехкзуламан гIуллакх толлучу гурашкахь лецира и шиъ. Москварчу талламан органаша дIахьош ду гIуллакх, хаамбо "ГIалгIайчоь" интернет-газето ницкъаллин стурктурашкарчу шайн хьосташна тIетевжина.


Лецначийн батIалхьажошца уьйраш хилла аьлла, шеконашка эца тарло, и формалехь йоцу организаци а цхьаьна ю ГIалгIайчуьрчу экстремизмана дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша а вер толлучу гIуллакхна юкъахь хьехош, хаамбина "Интерфаксо".


Хьалхо дуьйцура, Эльджаркиев верна бехке хила тарло аьлла хетачу, ГIалгIайчуьрчу бахархошна гонах гIуллакх теллина даьлла аьлла. Оьрсийчоьнан Талламан комитето бехкебина уьш, амма царех цхьаммо а тIе ца лоцу дохку бехкаш.




Маршо Радионо яздира, Эльджаркиев верца даьстинчу гIуллакхца  11 стаг лацарх, цхьаберш лаца кхайкхийна хиларх а. Царех цхьаъ ву ГIалгIайчоьнан вахархо Картоев Къурейш. Дийцарехь, Туркойчохь къайлаваьлла иза.


2020-чу щеран ГIуран-баттахь Басманан кхело лаца кхайкхийра, Эльджаркиевна кIелоярна а, иза верна а талламна бехкехета ГIалгIайчуьра схьаваьлла Аушев ИбрахIим а, БелхороевгIар Адам а, Iийса а. Дуьненаюкъарчу лехамашка бевлла уьш.


Оцу гIуллакхна бехкевина, лаьцна латточу Белхороев Алихана Дечкен-баттахь дIахьедира, шега гIело хьегийтрах.


БатIал-Хьаьжин бусалба вежараллина юкъахь ву 10 эзар гергга стаг.  19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus