Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Францино депортаци йина нохчо Исмаилов Мансур ву Москварчу аэропортехь латтош

ШолгIа де ду Францино Оьрсийчу депортаци йина нохчийн мухIажар Исмаилов Мансур Москварчу "Шереметьево" аэропортехь сацийна кхобу. Иштта хаам беана "Мемориалерчу" бакъоларъярхочуьнгара Титиев Оюбера (Оьрсийчоьнан Iедало"Мемориал" арахьарчу агентийн могIара яьккхина, юкъаралло тIе ца оьцу и статус –ред.билгалдаккхар).


Титиевс бахарехь, адвокат ца вуьту депортаци йинчунна тIе, ткъа дозанхоша иза дIавигина аэропортера, боху.


"Делахь а, тхоьгахь йолчу информацица, иза аэропортехь ву. Цо шозза телефон тоьхна шен зудчуьнга, амма иза ара ца волуьйту, авокат а ца ло цунна. Гергара стаг тIекхачахьара, дIахеца а мегара иза. Цхьаьнхьа дIасаваха шегахь Мансурехь ахча а дац", – элира бакъоларъярхочо.


Хьалхо жим дIабаьккхина, даима а молханаш оьшуш ву Исмаилов, боху Титиевс. МухIажиран аьтто ца хилла шеца молханаш схьаэца – цIеххьана йина цунна депортаци, иза полице куьг яздан вахча.


Ша майрачун могашаллах а, дахарх а йогу, элира Кавказ.Реалиига Исамиловн зудчо.


"Иза тиларчуьра волуш нислора, халла ларлора цунах. Молханех доьзна ду цуьнан дахар. Уьш ца хилахь, жин юхахьа дер ду. Ас чIогIа сагатдо цунна. Франце иза юха ца ваийтахь, кхерамна кIел ду цуьнан дахар", – элира Исмаилова Дианас.


Титиевс дийцарехь, Францехь тховкIело елла хилла Исмаиловна, амма тIаьхьо ваьккхина иза оцу статусах.


"Мемориалан" векало Орлов Олега хаам барца, депортаци йинчу нохчочун адвоката видеокамерашкара информаци гайтар дехна аэропорте, иза талла гIерта мел бакъ ду Исмаилов дIахецна бохург.


Диъ бер дисина Исмаилов Мансуран Францехь.



Нохчийчуьра схьаваьллачу 49 шо долчу Гантемиров Якъубна – нахера деши хIуманаш оьцучу туькан куьйгалхо хилла иза – Францерчу Монтобанехь йинчу кхело деношкахь кхачийра набахти такха. Иза бехке лору, деши чохь долчу меттигашна чу а вуьйлуш, 75 къола дарна. Хан текхна ваьлча, депортаци йийр ю цунна.
Хьалхо Францино депортаци йира Нохчийчуьрчу мухIажарна Гадаев Мохьмадна. Иза карарчу хенахь Нохчийчохь ву, амма иза Iедало къайлаваьккхина меттиг хууш яц гергарчарна. Ша Францера араваккхале, протест кхайкхош, шен гай этIийра Гадаевс.




 


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus