Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Conflict Intelligence Team: Карабахехь Азербайджанан агIор тIемаш бо Шемара баьхкинчу тIемалоша

Шемара баьхкина тIемалой бу ша-шеггара пачхьалкх кхайкхийначу Ломан Карабахехь Азербайджанан агIор тIемаш беш, Баку иза харцдеш хьийзахь а, аьлла ду тIеман конфликташ толлучу Conflict Intelligence Team (CIT) тобано динчу зерийн жамI. Иза цо довзийтина тахана, ГIадужу-беттан 21-чохь.


Хьалхо социалан машанашкахь яьржира тIемалоша арахецна хила тарлуш йолу масех видео. Хезаш дарца цаьрца Iаьрбин маттахь ден къамелаш, ткъа гуш болчу нахана тIехь дара Азербайджанан доза лардечу эскархойн а, гIашсалтийн а духар.


CIT тобан эксперташа чIагIдарехь, социалан машанех пайдаоьцучийн аьтто баьлла юьйцу видеош билггал Азербайджанан карахь йолчу меттигашкара хилар. Масала, боху цара, Шемара тIемалой бу боьдучу тIеман къилбехьарчу декъехь, хилла дакъалоцуш деношкахь Гадрут юьрт къуьйсуш агIонаша бинчу тIамехь.


Шемара тIемалой Карабахерчу конфликтехь дакъалоцуш хиларх лаьцна хаам баржийра дуьненна а бевзачу массех хаамийн гIирсо. Washington Post газето яздира, Шемара баьхкинчу тIемалойх лаххара а 50 велла Карабахехь Азербайджанехьа тIом беш, аьлла.


Туркойчоьно а, Азербайджано а бакъ ца до эрмалошна дуьхьал бечу тIамехь Шемара тIемалой хилар. Амма уьш цигахь хиларх лаьцна къамел дира Францин президента Макрон Эммануэла. Хьалхо Туркойчоьнан президентаца хиллачу шен къамелехь Оьрсийчоьнан президента Путина аьлла, ша саготта ву боьдучу тIамехь Малхбалерчу регионера тIемалой хиларна.



1990-чу шерашкахь конфликт йолаелча, Эрмалойчоьнца бертахь йолчу Ломан Карабахехь а, цунна гергарчу Азербайджанан кIошташкахь а урхалла лелош бара эрмалой. Бутт бу хьал тIаме дирзина. Ша Азербайджан юьззина кIобалъеш хилар хаийтина Туркойчоьно.
Деношкахь Москвахь эрмалоша а, азербайджанхоша а барт бира тIемаш совцо, амма шина а агIоно вовшийн бехкейо и ларбеш бацарна. Лаьтташ ду тIематийсадаларш.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus