Бакъоларъечу "Мемориал" центро дIахьедина Нохчийчуьрчу Чечана юьртара ворхI вахархо низам латто тIебехкинчу Iедалан ницкъаша вадийна хилар. Ши бутт гергга хьалха Соьлжа-ГIаларчу къайлахчу набахте а бигина, Iазап латтийна царна тIехь. Бакъоларъярхошкахь йолчу информацица, виъ дIахецна, ткъа кхоъ хIинца а ву набахтехь. Чечанара Мангал-беттан 29-чу дийнахь лачкъийра Абдулвагапов Мохьмад, Дакаев Мохьмад, Амерханов Iаьрби, Хататаев Ихван. ШолгIачу дийнахь вадийра Идигов Адам а, Алиев Аслан а, Бероев Адам а. Читать дальше...
Францехь хьехархо верца доьзна лаьцна ялх стаг д1ахьецна полицино; Кадыровга дIахьедар дарна шена кхерамаш туьйсу, боху Венехь вийначу Умаровн зудчо; ГIалгIайчоь: "Э" Центран буьйранча верца доьзна лецначу нехан хIусамашкахь герз карийна
Шемара баьхкина тIемалой бу ша-шеггара пачхьалкх кхайкхийначу Ломан Карабахехь Азербайджанан агIор тIемаш беш, Баку иза харцдеш хьийзахь а, аьлла ду тIеман конфликташ толлучу Conflict Intelligence Team (CIT) тобано динчу зерийн жамI. Иза цо довзийтина тахана, ГIадужу-беттан 21-чохь. Хьалхо социалан машанашкахь яьржира тIемалоша арахецна хила тарлуш йолу масех видео. Хезаш дарца цаьрца Iаьрбин маттахь ден къамелаш, ткъа гуш болчу нахана тIехь дара Азербайджанан доза лардечу эскархойн а, гIашсалтийн а духар. Читать дальше...
Парижна гергахь хьехархо Пати Самюэль вийча болийна таллам дIахьош лецначу нахах 6 стаг дIахецна Францин полицино, хаам бо France Info радиостанцино. Журналисташа дийцарехь, мукъабаьхначаралахь бу бехкевечу Анзоров IабдуллахIан да а, деда а, жимахволу ваша а. Изоляторехь вуьсуш ву хьехархо вер толлуш лаьцна I0 стаг, шайлахь Патис болх бинчу школехь доьшучу цхьана йоьIан да а – зулам дале даьхкинчу деношкахь цо видео яржийна хилла машанашкахула Шарле Абдо журнало ехкина карикатураш берашна хьехархочо гайтар емал деш, яздо Regnum агенталло. Читать дальше...
ТIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчохь йоI маре йоьдуш а, кIантана зуда ялош а хIинццалц лелийна хилла гIиллакхаш дикка хийцаделла догIу. Цхьаболучара латкъамаш бо моттаргIанаш лелош, тIех сов харжаш ярна, вуьйжуш реза бац, шира ламасташ довш хиларна.
Шен хинволу цIийнда-шемахо вевзинера Маринина Китайхь. Цигахь магистратурехь доьшуш дара ший а. 2012-чу шарахь университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа Латаки дIадахара и шиъ. Iедалан эскаре кхайкхира Маринин майра. Оьрсийн Свобода Радион а, Настоящее Время телеканалан а юкъахь йолийначу проектан цхьа дакъа ду хIара текст. "Iарбийн буьйса. Оьрсийчуьрчу зударийн Шемахь хилла истореш" ("Арабская ночь. Истории россиянок в Сирии"). Шемахоша Iаламат дика тIелецира со. Амма Керлачу шарахь, сайн кхузахь дуьххьара хиллачу дезачу дийнахь, йилхира со. Читать дальше...
ТIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчохь йоI маре йоьдуш а, кIантана зуда ялош а хIинццалц лелийна хилла гIиллакхаш дикка хийцаделла догIу. Цхьаболучара латкъамаш бо моттаргIанаш лелош, тIех сов харжаш ярна, вуьйжуш реза бац, шира ламасташ довш хиларна. Ловзарш хIитторан кепаш ларъяр тIедожийна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, ткъа оцу юккъехула шен гергарчеран тойнаш миллиард соьмана машенаш а лоьцуш, беракеманца зезагийн гIаш нускална а, хьешашна а тIе а хьоьрсуш, хIиттадо. Кавказ.Реалиин редакцино теллира... Читать дальше...
Эльджаркиев ИбрахIим а (экстремизмана дуьхаьлоечу ГIалгIайчуьрчу центран куьйгалхо), цуьнан ваша, лор а Москвахь вийча, бехке хиларх шеко йолуш лецначу нехан Несарарчу хIусамех хьаьвсина Iедалхой. Цхьана цIа чохь полисхошна карийна т1ехь ноьмар йоцу Калашниковн автомат, кхечу х1усамехь – 7.62 калибр йолу патармаш. Герз экспертизе хьажийна. Эльджаркиев а, цуьнан ваша а вийра стохка гурахь Москвахь. Ирчачу хиламан видео гайтира масех пачхьалкхан телеканалехула. Г1алг1ашлахь даьржина лелачу БатIал-Хьажин... Читать дальше...