Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Мемориал": 7 стаг лачкъийна Нохчийчохь. Кхоъ ву къайлахчу набахтехь латтош

Бакъоларъечу "Мемориал" центро дIахьедина Нохчийчуьрчу Чечана юьртара ворхI вахархо низам латто тIебехкинчу Iедалан ницкъаша вадийна хилар.


Ши бутт гергга хьалха Соьлжа-ГIаларчу къайлахчу набахте а бигина, Iазап латтийна царна тIехь. Бакъоларъярхошкахь йолчу информацица, виъ дIахецна, ткъа кхоъ хIинца а ву набахтехь.


Чечанара Мангал-беттан 29-чу дийнахь лачкъийра Абдулвагапов Мохьмад, Дакаев Мохьмад, Амерханов Iаьрби, Хататаев Ихван. ШолгIачу дийнахь вадийра Идигов Адам а, Алиев Аслан а, Бероев Адам а. Уьш массо а латтийна Устрада-ГIаларчу полицин декъехь. Цигахь царна тIехь гIело латтийна, йиттина, сийсазбина, чIагIдо "Мемориало".


"Шаьш ницкъхоша цунах "профилактика" олу. Гергарчарна ца хаийтина лечкъийнарш болу меттиг, царех дерг хиина царна нахехула", – боху бакъоларъярхоша.


ДIабахначу беттан 18-чохь дуьйна мукъабаха болийна лецнарш: юхьанца дIахецна Алиев, Бероев, карарчу беттан 7-чу дийнахь мукъаваьккхина Амерханов, цул тIаьхьа - Хататаев. Тахана а вуьсуш ву лаьцна Абдулвагапов, Дакаев, Идигов, официалехь уьш лецна бацахь а, яздо  "Мемориало".


Бакъоларъяран центро дийцарехь, кху беттан 4-чохь Ростов-гIалахь лецна цига бахана хилла СемаьIашкара кегийнах: Дотмерзаев Адам а, Ашаханов Муса а. ТIаьхьа Нохчийчу дIабигина уьш, ТIехьа-Мартанарчу полице. "Мемориалан" хьостанаша чIагIдарехь, хIинца а ву и шиъ полицехь, цара Iазап лов цигахь.



"Кавказский узел" газето дийцарехь, дIабахначу беккъа цхьана баттахь Нохчийчохь лачкъийна лаххара а 53 стаг. Царалахь ду зуда-майра а, кхиазхо а. Журналисташа бахарехь, Нохчийчохь нах лецарх, хьийзорах лаьцна информаци яржочу 1ADAT телеграм-каналан модераторан, шишанна тIехаийначул тIаьхьа ша волу меттиг къайленехь юьсуш волчу Тепсуркаев Салманца уьйрашкахь болу нах лохуш лецна уьш.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus