Эльджаркиев ИбрахIим а (экстремизмана дуьхаьлоечу ГIалгIайчуьрчу центран куьйгалхо), цуьнан ваша, лор а Москвахь вийча, бехке хиларх шеко йолуш лецначу нехан Несарарчу хIусамех хьаьвсина Iедалхой.
Цхьана цIа чохь полисхошна карийна т1ехь ноьмар йоцу Калашниковн автомат, кхечу х1усамехь – 7.62 калибр йолу патармаш. Герз экспертизе хьажийна.
Эльджаркиев а, цуьнан ваша а вийра стохка гурахь Москвахь. Ирчачу хиламан видео гайтира масех пачхьалкхан телеканалехула. Г1алг1ашлахь даьржина лелачу БатIал-Хьажин вирдан хьалханча Белхароев ИбрахIим 2018-чу шарахь вер доькхуш вийна хила мега махкарчу "Э" Центран буьйранча, яздора прессехь.
Оьрсийчоьнан Талламан комитето тIе ца эцна чIирах юзу верси, терроран тохар лору Эльджаркиев вер. БатIал-Хьаьжин вирдера 11 стаг ву хиллачунна бехкевеш лаьцна. Амма цхьаммо а т1е ца эцна бехк.
ЭльджаркиевгIар байарца доьзна БатIал-Хьаьжин мурдаш Белхароев Iалихан, Накастоев Iиса, Картоев Iела, зулам дайтина хила тарлуш волу совдегар Полонкоев Хьасан а, цуьнан воI Полонкоев Закри а, церан гергара стаг Полонкоев Аслан а ву лаьцна латтош.
Кхело лаца магийра масех бутт баьлча, ведда, лохуш волу Картоев Къурайш а. Иштта чохь валлош ву Костоев Гилани а, Арапиев Ахьмад а.
"Интерфаксан" хьостанаша дийцарехь, Несаран кIоштарчу Эккаж-Къоьнгийн Юьртара 46 шо долу БатIал-Хьажин мурд Картоев Къурайш а ву айдинчу девнехь бехкахо. Цо байинчух тера ду ЭльджаркиевгIар, иза Туркойчохь къайлаваьлла хила тарло, талламчашна хетарехь.