Чехин могашаллин министра дарж дитина COVID-19 бахьанехь
Войтех шегара дарж дита кхайкха долийра оппозицин жигархоша кху деношкахь. Премьер-министра Бабиш Андрейс баркалла аьлла Войтехна шен болх хIинццалц схьа дика барна. Ткъа ша экс-министра бахарехь, вирус дIалакъош цо шега далург дерриг а дина ша даржехь волуш.
БIаьста Чехино шогга дуьхьало йира коронавирусна. Оцу бахьаница Европехь уггаре лахара дара цигахь ун даржар а, цунах хуьлу баларш а. Цуьнца доьзна эксперташа хестайора и пачхьалкх.
Аьхкенан беттанашкахь дерраш а санна дIадехира махкара карантинан дехкарш. Амма Марсхьокху-баттахь цIеххьана деста дуьйладелира уьнах цомгуш хуьлучийн терахьаш – 10 миллион вахархо волчу Чехехь карарчу муьрехь дийнахь-буса цомгуш хуьлу 2000 сов вахархо (бIаьстачул дуккхаза а сов).
Карантинан хьал юхадерзош ду пачхьалкхо.
Коронавирус цIеххьана яржайоьлла Европерчу кхин а масех махкахь, масала, Испанехь, Францехь, Британехь.
Карантин массо а бахархошна юхахIоттийна дIадахначу кIиранах Израило.