Къилбаседа Кавказ – COVID-19: дийнахь-буса 10 стаг велла, 608 цомгуш хилла
Дагестанехь велла пхи дархо, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь – шишша. Пандеми йолаелчхьана схьа уьнах белла Къилбаседа Кавказехь, официалан статистико бахарехь, 1500 ца кхоччуш бахархой.
Дийнахь-буса а, юхьанца дуьйна а гучудевлла дараш:
Ставропол-мохк +140 (14769)
Краснодар-мохк + 92 (13123)
Дагестан +85 (12685)
ГIалмакхойчоь +73 (5823)
Кхарачой-Чергазийчоь +65 (6416)
ГIалгIайчоь +46 (5231)
ГIебарта-Балкхаройчоь +42 (7276)
Къилбаседа ХIирийчоь +34 (5508)
Адыгей +25 (3824)
Нохчийчоь + 6 (2384)
Верриг а цомгуш хилларг ву регионехь официалан хаамашца 77039 стаг. Оьрсийчохь и терахь хьаладаьлла 1 миллионал (1 109 595).
*Оьрсийчоьнан официалан статистико юкъаоьцу аннекси йинчу ГIирмера терахьаш а.