Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Изоляторшкахь бахкочу гIалгIайн жигархоша орца доьху шайн мехкан куьйгалхочуьнга

Чемурзиев Бараха, Мальсагов Мусас, Нальгиев ИсмаьIала, Хаутиев Бахьавдина, Саутиева Зарифас, Магасера шайн гулам бохо хьажийначу полицина дуьхаьлоярна лецццарх, ГIалгIайчоьнна гонахарчу мехкийн изоляторшкахь латточу жигархоша, кхайкхамбина шайн республикин куьйгалхочуьнга Калиматов Мохьмад-Iелига. Цунах лаьцна хаамбина «Кавказ. Реалиига» жигархойх цхьаьннаy адвоката Абубакаров Мохьмада.


Жигархоша дагадоуьйту шаьш лецна борхIалгIа бутт хилар, яздо, шайн бехк зуьйш талламчаша бечу балха тIехь шайна харцонаш гучуюьйлу, бохуш.


«Тхо ду юкъараллийн куьйгалхой, хьехархой, юристаш, синбахам Iалашбечу меттигийн белхахой. Ца дина оха зуламаш, амма пачхьалкхан мостагIашца санна ю тхоьца юкъаметтигаш», - боху «Кавказ.Реалиига» кхачийначу дIахьедаран копи тIехь.


Таллам низам а талхош дIахьо, «тхуна тIехь таIзар стенгахь латто деза шаьш-шайггара къастадо талламчаша: ГIебарта-Балкхаройчуьрчу, ХIирийчуьрчу изоляторшкахь кхобу тхо, кхолламаш къастабо тхан Ставрополерчу кхелаша», «нийса дац  ГIалгIайчуьра иттаннаш махкал арахь жоьпалле а ийзабойтуш, ГIалгIайчуьра Iедал юьстахлаттар», оцу суьрто бойур бу гIалгIайн шайн Iедале болу тешам, къам эгIор ду  Iедалца, яздина жигархоша.


Адвоката Абубакаров Мохьмада дийцарехь, лецна латтораш «кхета талламчийн, кхелийн балха юкъагIерта бакъо мехкан куьйгалхочун йоцийла, амма ю цуьнан куьйга кIел лецначаьргара хьал тидамехь латто а, шен хьукматийн ницкъашца талла а, мехкан куьйгалхочунна ган деза шен махкахойн бакъонаш хьоьшуш хилар, иза кхеташ хила веза лецна латтораш муьлхачу бахьаница халкъанна юкъара дIабаьхна».


Яхначу бIаьста Магасехь гуламе бевлира Нохчийчоьнанний, ГIалгIайчоьнанний дозанаш билгалдохуш Iедалхоша хIоттийначу бертан документна резабоцу бахархой. ХIетахьлера мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек даржера дIавала веза, дозанах дерг юхакъасто деза, бохура протестхоша. Амма гулам шолгIачу дийнахь дIасалаьллира Iедало. Оцу муьрехь полицин белхахошна дуьхьаллаьттина, летта аьлла, лецна, изоляторшкахь латтош ду жоьпе ийзийначу 35 стагах цхьа дакъа.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus