Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Ноябрь
2019

Новости за 21.11.2019

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (21.11.2019)

14% нохчий бу заьIап, Маликас кхин туьйсур бац пал, Лецна латточуьра кхайкхам баржийна гIалгIайн оппозиционераша (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Ибрагимов Азамат лоьху гергарчара

13-гIа де ду Канадера шен гергара нах болчу Соьлж-ГIала вахана, церан хIусамехь Iечу юкъанна Ибрагимов Азамат дIавигина. Иза лаьцна вигинарш Iедалхой хиларх шеко яц гергарчийн. Кадыровн Iедалехьа лаьттачу Инстаграмерчу Eldit_net агIоно видео арахецна Азамат лаьцна массех де даьлча, и видео цо шен лаамехь, ша яржош йолуш санна кеп а хIоттош. АстагI лелхаш го оцу чохь дегIаца цхьа а дерт доцуш дIавигина волу Ибрагимов. Ца гина иза ша лоьхучарна я вигинчу дийнал тIаьхьа а, я и видео яьржийначул тIаьхьа а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ичкерина "оппозици" тIелетта де. Исханов Хьусайн

1994-чу шарахь Лахьан-беттан 26-чу дийнахь оппозицехь бу бохучу наха тIелатар дира Соьлж-ГIалана. Цу хиламо бехна Нохчийчу хьалхара тIом аьлла хета цхьамогIа цигахь дакъалаьцначу нахана. ХIара къамел-тоьшалла Маршо Радиоца дира Исхановс Хьусайна 4 шо хьалха.

Radiomarsho.com 

Изоляторшкахь бахкочу гIалгIайн жигархоша орца доьху шайн мехкан куьйгалхочуьнга

Чемурзиев Бараха, Мальсагов Мусас, Нальгиев ИсмаьIала, Хаутиев Бахьавдина, Саутиева Зарифас, Магасера шайн гулам бохо хьажийначу полицина дуьхаьлоярна лецццарх, ГIалгIайчоьнна гонахарчу мехкийн изоляторшкахь латточу жигархоша, кхайкхамбина шайн республикин куьйгалхочуьнга Калиматов Мохьмад-Iелига. Цунах лаьцна хаамбина «Кавказ. Реалиига» жигархойх цхьаьннаy адвоката Абубакаров Мохьмада. Жигархоша дагадоуьйту шаьш лецна борхIалгIа бутт хилар, яздо, шайн бехк зуьйш талламчаша бечу балха тIехь шайна харцонаш гучуюьйлу, бохуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ХIитлер Адольфан хIусамехь полисхой дIатарлур бу

ХIитлер Адольф винчу хIусаме зиярте хIитта таро хир яц нео-нацистийн тIейогIучу заманчохь. Цигахь уьш дIалеца тарло. ХIунда аьлча, Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIакхайкхийна, диктатор дуьненчу ваьллачу цIийнах шаьш полисхойн дакъа дIатардийр ду аьлла.

Radiomarsho.com 

ЗаьIапхой уггаре дукха болу къам ду нохчий

Оьрсийчоьнан регионашна юкъахь Нохчийчоь ю бахархошлахь уггаре доккха дакъа (14%) заьIап долуш. Махкарчу 1,5 миллион бахархойх 211 660 ву заьIапхо (жима а, воккха а), хаамбо Медуза портало. Оццу хьостано гайтарехь, махкарчу кегийрхошлахь 12 % бу заьIапхой. Оццул дукха нах айпе болчу Нохчийчохь лелачу транспортах ах процент а яц заьIапхошна чуховша, баха-баьхка аьтто беш. Оьрсийчоьнан мехкашлахь хьалхаяьлла Нохчийчоь заьIапхойн терахь сиха дузарца а – стохка республикерчу хIора итт эзар вахархочух 83-нна делла лоьраша заьIапхочун тоьшалла.

Radiomarsho.com 

Бакъонашларъярхой: Майсигов политикан таIзар ловш ву

ГIалгIайн журналист Майсигов Рашид цIера дIасавалар а дихкина, лаьцначуьра маьршаваьккхина ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело. КарадогIучу шеран Дечкен-беттан 7-чу дийне кхаччалц Майсигов чохь вуьтуш Магасан кхело бинчу сацамна дуьхьал журналистан адвокато чуелла апелляци тергоне эцна кхело. Цунна тIе а тевжина, журналист цIа вахийта реза хилла кхелахой, цунна дIасавалар а дихкина. Заздоккху-баттахь ГIалгIайчохь дIаяьхьначу протестхойн митингех хаамаш Iорабохучу "Фортанга" телеграм-каналан администратор а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчоь: "дохкобевллачийн" рогIера мур

Цхьа кIира хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хьалха гечдар дийхира гоьваьллачу блогеро Тилэкс Сашас, цунах тера волчу турпалхочо лаахь а, ца лаахь а рэперан Тиматин Black Star лейблца юкъарлонаш лелор тIедожош, забаре клип яккхарна. Пародехь дакъалоцурш бакъболчу нахах тарлахь, ларамаза нисделла ду аьлла, билгалдаьккхинехь а, Кадыровх терачу маж йолчу стага "Дуй хьуна" бахахь а, цуьнан цIе йоккхуш яц клипехь. ХIетте а гечдар дехийтира блогере. Цо дийцарехь, цуьнца зIене ваьллачу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кхин а цхьа «хIумахуург» лаьцна Нохчийчохь

Соьлж-ГIаларчу бусалба дарба лелочу центран коьрта лор Эльжуркаев Адам хьалха а волуш,  «Грозный» телеканалехула Iораяьккхина кхин а цхьа пал тосу зуда. «ХIумахуург» ю кхаарийн сарахь араяьллачу сюжетан цIе, лаьцнарг - махкара яхархо Дацаева Малика. Республикан дарбанцIийнехь бевзинчу нахалара, ша оцу меттехь болхбеш хиларе терра, лехьош хилла Маликас клиенташ, карош хилла цунна «хиндерг» хаа луурш, «бIаьрга хилларш», мехах хIайкал дезарш  Instagram-машанехула а. Исламо зуламе лоруш хиларца а дузуш... Читать дальше...


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus