Кабулехь динчу эккхийтарехь чевнаш йина бахархошна
Цхьаболчу хаамашца, эккхийтар хиллачул тIаьхьа хезна герзаш дуьйлуш. Цхьана а тобано цкъачунна эккхийтар шена тIелаьцна дац.
ДаIишхоша жоьпалла шайна тIе а лоцуш, нах бойуш цхьа могIа лелхийтарш динчул тIаьхьа, тIаьххьарчу масех беттанашкахь тийналла лаьттара тIемалой-тIалибаш а, "Исламан пачхьалкх" шех олу тобанхой а лелачу Кабулехь.