Финляндехь вехачу 31 шо долчу Нохчийчуьрчу Абубакаров Джабраилан Соьлжа-ГIаларчу гергарчаьрца зIе хаьдда гIадужу-бутт болалуш. Шен 71 шо долу да, 66 шо долу нана, йиша, ваша кадыровхоша лечкъийна, оппозицин 1АDAT телеграм-каналаца шен уьйра хиларна, аьлла дIахьедина цо. Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Абубакаров Джабраила дийцина, билггал стенца бахийтина цо нохчийн ницкъахойн тидам шена тIе, доьзало шена гечдийр хиларх хIунда ца теша иза. – Хьайн гергарчаьрца зIене вала аьтто хиллий хьан? Читать дальше...
ГIалгIайчохь дIалаьцна республикан контролан-зерийн палатан куьйгалхо Белхороев Мустафа. Цуьнца цхьана Къоман гуламан депутат Алиев Микаил а, гIишлош йоттархо Зязиков Тархан а лаьцна. Белхороев, Алиев герз лелорна шеконашка лаьцна ву, чIагIдо lenta_ry инстаграм-каналехь, уьш лацаран видео гайтина цара. Наггахь бен ган йиш йоцу Калашникован пулеметан экземпляр карийна низамхошна Алиевгахь, тIаккха Белхороевехь – тIулгашца кечйина тапча, дуьйцу канало шен хьастанна тIе а тевжаш. Цул сов, хьакамера хьолаллин хIуманаш... Читать дальше...