Уггар а мехалчех дара, гIадужу-беттан 7-чохь Нобелан машаран совгIат кхачийначу Оьрсийчоьнан бакъоларъяран "Мемориал" центро дуккха а шерашкахь Къилбаседа Кавказехь бина болх. Массарел а хьалха Оьрсийчоьнна а, дуьненан юкъараллина а ницкъахоша мехкийн бахархошна дуьхьал лелийначу резонансечу зуламех дийцинарг ю "Мемориал". "Мемориало" толам баьккхира ЕСПЧ -кхелехь уггар хьалха Къилбаседа Кавказехула Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманчохь хиллачух - "Ростов-Баку" трасси тIехь йоьдучу мухIажарийн... Читать дальше...
2020-чу шеран гIадужу-беттан 16-хь нохчочо Анзоров IабдуллахIа Парижан уллерчу Конфлан-Сент-Онорин гIалахь хьехархо Самюэль Пати вер таллар дерзийна Францин талламан кхелахоша. 14 стеган хьокъехь бира таллам, царлахь масех кхиазхо а, Анзоров иркархIоттийна йолу видеон автор, дешархочун да Шнина Браим а вара, иштта радикалан имам Сефриуи Абделькаим а, дуьйцу францхойн CNews телехьожийло. Муьлхачу бехкашца, муьлхачу кхеле мила хIоттор ву сацам бийр бу гергарчу хенахь терроран гIуллакхехула йолчу Къоман прокуратуро, талламна тIе а товжуш. Читать дальше...