Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима омрана куьйгъяздина, гIадужу-беттан 1-чу дийнахь дуьйна хала бохкучу доьзалашна догIучу пособин барамна индексаци йеш. ХIинца 166 сом хир ду и. "Инфляцин тIегIане хьаьжжина [...] хIора баттахь догIу социалан пособина [...] индексаци йе 166,63 соьме а кхачош", - аьлла ду, гIадужу-беттан 18-чохь куьйгъяздина, шолгIачу дийнахь зорбане хIоттийначу омрана тIехь. Пособи кхачадо таро йоцчу доьзалашна. Республикехь пособин барам бу 14,5 эзар сом болх бан гунахь болчу нахана... Читать дальше...
Пачхьалкхан прокуроро доьху кхеле, экономикан зуламаш лелийна аьлла бехкевечу Дагестанера схьаваьллачу шинна, "Сумма" тоба вовшахтоьхначу Магомедов Зиявуддина а, цуьнан вешина, сенатор хиллачу Магомедов Мохьмадна а 24 а, 21 а шераш тоха шогачу хьелашкарчу колонихь даккха аьлла. Иштта прокуроро шина а вешина 1,5 миллион сом гIуда а, таIзар текхна ваьллачул тIаьхьа шина шарна дIасавалар а доьхкуш сацамбе аьлла, хаамбо пачхьалкхан "ТАСС" информагенталло. Москварчу Мещанскан кхелехь къевлинчу рожехь дIахьош ду МагомедовгIеран Зиявуддин а... Читать дальше...
Москва гIалин кхело лаьцна витина, "Восток" батальонан хилла командир Ямадаев Сулима вийна аьлла, бехкевен 41 шо долу Нохчийчуьра вахархо Мазаев Зелимхан. Талламан комитето кхин а цхьа бехк баьккхина цунна дуьхьал – терроризманан ахча латтор. Кхелан материалашкахь болчу хаамашца (Кавказ.Реалиин долахь сацамаш бу), бехктакхаман гIуллакх айдина мангал-беттан 28-чохь, оцу дийннехь лецира Мазаев. Талламна хетарехь, дуьненаюкъарчу террорхойн ИГИЛ организацин агIончашна ахча дехьадоккхуш хиллера иза 2014-чу шарахь. Читать дальше...