Нохчийчохь президент хиллачу Кадыров Ахьмадан цIарах дуьненаюкъара журналистийн конкурс дIаяхьа 10 миллион соьмана хIоттийна тендер яьккхина ши бутт хьалха регистраци йинчу индивидуалан совдегаро. 2020-чу а, 2021-чу а шерашкахь а иштта тендерш ехира, конкурс кхайкхаяле хьалха регистраци йина, цул тIаьхьа дIаяьхначу совдегарша. Нохчийчуьра къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан министралло дIаоьллинчу тендеран техникан тIедилларца толамхой базбийр бу Соьлжа-ГIалин юккъерчу хIусамехь. Толам баьккхинчунна лур ю 750 -гIа цIеналла йолу... Читать дальше...