Оьрсийчоьнан Швецера векал жоп дала тIекхайкхина Абдурахманов Тумсо бахьанехь.
"Шашлык-Машлык" олу туризман а, жигара садаIаран а йоьалгIа фестивал дIаяьхьна Соьлжа-ГIалахь шотдийнахь. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийчура а, Къилбаседа Кавказерчу республикашкара а, кхийолчу регионашкара а алуна тIехь жижиг датта говзалла йолу кхачанчаш. Къоман кхача а баош, нохчийн эшарш, хелхарш довзийтина махка баьхкинчу туристашна. Фестивале баьхкинчеран къаьсттина тидам тIе баханарш дара говзанчаша куьйга дина истангаш а, пхьегIаш а.
Пермь гIаларчу кхиазхочо Кадыров Рамзане дехна шена цунах ша "шайтIа" аларна къинтIеравалар. "Къурд" олуш яьккхина видео ю нохчийн инстарам-каналашкахула лелаш. Хьалхо Тик-Токехь жимчу стага видео яржийра Москвана гергахь вехачу шен нийсархочун-дагестанхочун, деношкахь гергарчара Кадыровга къинтIеравалар дехначу кIентан агIолоцуш. "Массаьрга шалом, накъостий! Хьалхо хаам гинера суна Кадыровх, иза шайтIа хиларе терра, Инстаграмехула цхьамма "шайтIа"аларх лаьцна. Юха доьзал бара Кадыров къинтIера воккхуш. Читать дальше...
Оьрсийчоьнан шайн пачхьалкхера векал Татаринцев Виктор Швецин арахьарчу гIуллакхийн министралло дIадахначу кIиранах тIекхайкхина хилла нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона 2020-чу шеран Чиллан-баттахь динчу тIелатарца доьзна. ТАСС агенталло бахарехь, Швецин Iедало дIахьедина, ша йоккха харцо лору стаг вен гIортарца динчу тIелатаран декъахь Нохчийчуьра Iедал хилар, аьлла. Абдурахманов Тумсо – вевзаш волу нохчийн оппозицин блогер ву. Шен видеоэфирашкахь цо довзуьйту Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош хилар гойту масалш... Читать дальше...