Нохчийчоьнан информацин министра Дудаев Ахьмада "оьзда боцу провокаторш" бу аьлла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Дагестанера латархо Нурмагомедов Хьабиб "UFC-н проект" ю аьлла динчу къамелна реза мел боцурш. Цунна хетарехь, Кадыров Оьрсийчохь " спортанна массарел а герга волу" политик ву, цо "вуно дукха гIуллакхаш дина ерриг пачхьалкхан спорт, къаьсттина иэйинчу кепийн латарш кхиорехь, оццу декъахь ю Дашестан а". Дудаевс бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Нурмагомедовх лаьцна динчу къамела юкъара контекст а яьккхина... Читать дальше...
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 25 пациент, цомгуш хилла кхин а 261 стаг. Iедалера болчу хаамца, Краснодар-махкахь ун кхеттачу нахах велла 12 вахархо, Ставропол-махкахь – 5, Кхарачой-Чергазийчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Адыгейхь – шишша, Дагестанехь, ГIалмакхойчохь – цхьацца. И дараш а чулаьцча, Къилбаседа Кавказехь, официалан терахьашца, COVID-19 цамагарх велларг хуьлу 9 675 стаг. Массанхьачул дукха бу дийнахь-буса ун даьлларш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг – Адыгейхь а, Нохчийчохь а. Читать дальше...
Оьрсийчохь миллиардерийн долара хьал 35% нисло пачхьалкхо кхиочу чоьхьарчу хьолалаца (ВВП) дуьстича. Хьолахойн карахь уггаре дукха бахамаш болу пачхьалкх ю Оьрсийчоь, хаам бина пIераскана, Стигалкъекъа-беттан 14-чохь, Лондонерчу The Financial Times газето, Америкерчу консалтинган Morgan Stanley компанин аналитиканна тIе а тевжаш. Forbes журнало зорбане дохучу тептаран буха тIехь миллиардерийн рейтинг хIоттийна цо. Оьрсийчоьнал тIаьхьа шолгIаниг ю Швеци – цигахь миллиардерийн бахам кхочу пачхьалкхан бахаман 30%. Читать дальше...
Израилан премьер-министра Нетаньяху Беньямина дIахьедина, Израилан эскаро Газа секторерчу палестинахойн радикалийн тобанашна ден тохарш дахлур ду махкахь кхерамзалла латторхьама уьш цунна "дан мел оьшу а", аьлла. Израилна тIе Газа секторан лаьтта тIера ракеташ етташ хьийзачу ХЬАМАС тобано ша тIелетарш кхин дIа а латтор ду боху. Шина агIонна юкъа машар билла гIертачу дуьненан юкъараллийн цкъачунна аьтто ца балла иза дан. КIиран буса Палестинерчу тIеман тобанаша 1000 сов ракета тоьхна Израилна тIе... Читать дальше...