Кху баттахь Дагестанские Огни гIалахь дIахIоттийна хилла Сталин Иосифан бюст вовшахъяьккхина. Цул хьалха оцо боккха къовсам эккхийтира социалан машанашкахь
Литварчу Оьрсийчоьнан векалто емал дина Литван цIарах Европарламентан депутат йолчу Юкнявичене Расин нохчийн Ичкерия республикан президентех Дудаев Джохарех аьлла дешнаш. Де хьалха цо дIахьедира, вийначу политикан цIе "Маршо" дашца юзу ша аьлла. Дудаев вийна 25 шо кхачарна леринчу дуьненаюкъарчу конференцехь дина оцу кепара дIахьедар Юкнявиченес, яздо "Красная Весна" хаамийн агенталло. Цуна жоп луш Оьрсийчоьнан арахьарчу политикан урхаллан векалша дагадаийтина, Дудаев а, цуьнан куьйгакIел хилларш а бехкебо цхьа могIа терроран тохарш дарна... Читать дальше...
Дагестанские Огни гIалахь Советан пачхьалкхан баьчча хиллачу Сталин Иосифна хIоттийначу бюстна демонтаж яр - цхьана ханна тIеэцна барам бу. ГIалин гуламан депутаташца барт бинчул тIаьхьа, юха а хIоллам дIахIотто сацам бу жигархойн. Республикерчу КПРФ-н комитетан векало Луговой Руслана Кавказ.Реалиига дийцарехь, Сталинна хIоллам хIоттийнера Дагестанан АССР кхоьллина бIе шо кхачарца доьзна дIахьочу даздарийн гурашкахь. И сацам тIеэцнера большевикийн партин урхалло а, иштта Сталина а. "1920-чу шарахь... Читать дальше...
Итт дийнахь лехначу шина адаман декъий карийна Эльбрус ламанан басехь. Жима зуда а, гид а ду и шиъ, яздо "Интерфаксо". Охан-беттан 17-чохь т1аьххьара з1ене яьлла хилла турист. Беттан 21-чохь "лагере" кхача дагахь ю ша аьлла, хаам бина хилла цо. Охан-беттан 23-чохь и шиъ жигара леха буьйлабелира. Х1ордан сизана 5,4 метар йолчу локхаллера декъий схьаэйца 1алашо ю Стигалкъекъа-беттан 3-чу дийнахь. Хьалхо хааме даьккхира, кху шеран Дечкен-баттахь лайн хьаьтт чухахкаелла, Кхарачой-Чергазийчуьрчу... Читать дальше...
Оьрсийчоьне юха а кхайкхам бина Нохийчохь гей олу нах хьийзорна таллам баре. Дуьненаюкъара дов эккхар доьрзуш дац, ЛГБТ олу нах лечкъорца а, байъарца а доьзна долу. Охан-бутт чекхболуш 29 пачхьалкхан Iедалша дагадаийтира Оьрсийчоьнна, Европехь кхерамазаллан а, цхьаьнабелхан а вовшахтохаралло (OSCE) и зуламаш таллар хьокъехь елла рекомендацеш. Амма я Соьлжа-ГIалано а, Кремло а хIинца а цхьана а кепара тергал ца деш дитна иза. Кхерамазаллин хроника 2017-чу шарахь Европан Кхеташонан Парламентийн ассамблеян а... Читать дальше...
Къилбаседа Кавказехь тIаьхьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах велла 21 стаг. Цомгаш хилла кхин а 277. Пандемица къийсам латточу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 12 стаг, Ставропол-махкахь - виъ, Адыгейхь - шиъ, Нохчийчохь а, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а - цхьацца велла. Ун даьржичхьана Къилбаседа Кавказехь верриг а кхелхинарг ву вирусах 9 375 дархо. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Краснодаран кIоштахь, кIезиг бу - Адыгейхь. Краснодаран мохк+ 92 (45... Читать дальше...
2021-чу шеран Зазадокху-баттахь Москвахь лечу нехан терахь 28 проценте лакхадаьлла хаало цул хьалха хиллачу шераца дуьстича. Шахьаран могашлалла Iалашъяран департаментан зерашна тIетевжина бина цунах лаьцна хаам "Интерфаксо". Терахьаллин маьIнехь аьлча, баларш совдаьлла 2 888 стагна. Департаментан информацица, кху шеран Зазадокху-баттахь верриг а велларг ву 13 эзар стаг. Оцу юкъанна, COVID-19 ун бахьана долуш кхелхина 2 898 вахархо. Хьалхо Росстато хаам бира, дахначу шарахь а, 2021-чу шеран хьалхарчу кхаа баттахь а коронавирусах а... Читать дальше...
Охан-беттан 29-чохь Дагестанские Огни гIалахь дIахIоттийна хилла Сталин Иосифан бюст вовшахъяьккхина. Цул хьалха оцо боккха къовсам эккхийтира социалан машанашкахь, Советан баьччас дуккхаъчу къаьмнашна репрессеш ярна, ишта Кавказан къаьмнашна депортаци ярна а. Дагестанан коммунисташа карарчу беттан 1-чохь Сталинна хIоттийна бюст дукха лерина вовшахъяьккхира, ткъа ша бух оцу меттигехь бисина. Сталинна хIоттийна хIоллам дIабарах лаьцначу хаамо иттаннашкахь комментареш гулъйина социалан машанашкахь. Читать дальше...