Пейсахова Анна Муха беха, стенах уьду, хIун лаьа нохчашна МухIажирийн гIуллакхашкахула йолчу Европан кхеташоно далочу терахьашца, 2003-чу шарера дуьйна схьа Оьрсийчуьра бевдда, Европехь баха хевшинчу нехан диаспора ю уггаре яккхийчехь, оцу нахах 90% бу нохчий. Бац и болам соцуш а. Iазап Iорадоккхучу Европан комитето стохка дIахьедира, Нохчийчохь лагIлуш дац Iедало наханна тIе куьг кхехьар, уьш лецар, аьлла. Кеп-кепара болчу хаамашца, 150-200 эзар нохчо веха Европехь. Дуьнене, дахаре болчу хьежамашца уьш боькъийла ду массех тобане. Читать дальше...
Блант Максим, Маршо Радио, оьрсийн сервис Оьрсийчохь шога хьелаш кхайкхийна. Пачхьалкх дийна латто оьшу цхьа дакъа доцург, карантинехь Iан беза 100 миллион сов бахархой. Экономика сецна. Адамашна а, бизнесна а пачхьалкхера комаьршша гIо оьшур дуйла гуш дара кризис йолалушшехь. Амма дац халкъанна пачхьалкхера цкъачунна гуш цхьа а накъосталла. Оцу хьокъехь дуьйцу Маршо Радион оьрсийн сервисо. Читать дальше...
Урамашкахь нах лоьцур бу Нохчийчохь, Бехк цабиллар дехийтина "цавашарна", ТаIзар дийр ду карантин йохийча, Кадыров: тхуна хаьа хIун дан деза (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Карантин йохийначарна таIзарш дарх лаьцна низам тIеэцна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо, хаам бо "Новая газето". Бехктакхаман кодексна тIехь бинчу хийцамаша бакъо ло хIинца карантинан раж йохийначу нахана таIзарш дан, тайп-тайпанxe барамехь гIуданаш а, 7 шаре кхаччалц набахтехь яккха хенаш а тухуш. Иштта дуккха а нахана ун а, дIовш а долуш санитаран а, эпидемиологин а низамаш дохорна гIуда тухур ду 500 эзар соьман тIера 1 миллион соьме кхччалц барам болуш я и гIуда хир ду 3-5 шарахь бехкевинчун догIучу алапан барамехь. Читать дальше...
Корононавирус хьакхаялар талла керла тIехнийса тест кхоьллина Роспотребнадзоран эпидемиологин Iилманан а, талламан а коьртачу Институтехь, хаам бо цу урхалло. Дийцарехь, иза талларан белхаш дIабирзина кху Зазадокккху-беттан 25-хь. Тестах пайда эца магийна Оьрсийчоьнан Федерацехь. Керла тест кхоллар бахьана долуш, Роспотребнадзоран арсеналехь гучубаьлла кхин а цхьа коронавирусца къийсам дIабахьа оьшу эвсаран гIирс, аьлла ду оцу урахалло бинчу хаамехь.
Гуьмсерчу вахархочунна Гараев Асхьабана бехке диллинарг ду, коьртах газах ларвен аппарат а йоьллина, машен хехкар. Жима стаг емал веш цунна дов дина некъан полицин (ГИБДД) Гуьмсан кIоштарчу декъан хьаькама Вагапов Арслана. Видеоролик хьаькамо дIахIоттийна шен инстаграм-аккаунтехь. Машенна урхалла деш газах ларвен аппарат лелор Вагаповс тидина, "Кадыров Рамзан коьртехь волчу нохчийн Iедало, карантин а кхайкхийна, лелочух и жима стаг цавашар" санна. Гараевс бехк цабиллар а дехна, баркалла а аьлла Кадыровна... Читать дальше...
Нохчийчохь болх беш ду официалан кепара юкъадаьккхина доцу комендантан сахьт, аьлла дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ЧГТРК «Грозный" телеканало вовшахтоьхначу «Коронавирус. Хаттарш а, жоьпаш а" программехь вистхуьлуш. Цо дийцарехь, дIоггара бахьана а доцуш, урамашкахула лела нах лоьцур бу ницкъаллин структурийн белхахоша. Цкъачунна шаьш бахархой, варе а беш, буьтуш бу, амма массо а хIуман шен зил бу, ткъа шайн дезар ду мелла а луьра гIулчаш яха, бохуш вара республикан куьйгалхо. Читать дальше...
Нохчийчохь коронавирус ца яржийта динарг шен хеннахь динера, иза къобалдо наха, аьлла дIахьедар дина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо дийцарехь, Нохчийчуьрчу бахархоша къобал йо Iедалша яьхна гIулчаш, шайна юкъахь хецца арахула лелар дехкар а долуш. "Оха Iалашо хIоттийнера вирус яржаран зIе хадо, ткъа цунна тIедоьлхуш а ду тхо. Тхан лозунг ю: "ХIаллакъйе вирус!" Ткъа тхуна хаьа иза муха дан деза", - яздина Кадыровс шен Telegram-каналехь. Зазадоккху-беттан 28-хь дуьйна республикан Iедалш чIагIйина карантин... Читать дальше...