Оьрсийчоьнан хьаннийн урхалло (Рослесхоз) шен пресс-векалтехула хаам баржийна, 15 регионехь хьаннех цIеяларна кхерам бу, аьлла, яздо Оьрсийчуьрчу прессехь. Кхерамна кIел ю йолчу регионашлахь ю Къилбаседа Кавказ а. Лаьмнашкарчу хьаннийн тергояр, уьш яла тарлучу цIарах хьалхаяхар а хьоьхуш, орцан омра кхайкхийна пачхьалкхан хаьннийн урхалло 15 махкахь. Царалахь ю ГIалгIайчоь а, ГIалмакхойчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а, Нохчийчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а, Ростов-мохк а.... Читать дальше...
Тахана президентан харжамашкахь ю Абхази. Харжамийн 35 гонехь ю 152 кхаж тосу чоь. Кхин а ши чоь йиллина Оьрсийчоьнан территори тIехь – Москвахь а, Черкесскехь а. ДIаболийна харжамаш Iуьйранна 8 сахьт даьлча, лаьттар бу 12 сахьтехь, сарахь 8 сахьт даллалц. Кхо кандидат ву харжамхойн бюллетенаш тIехь: экономикан министр Ардзинба Адгур а, оппозицин лидер Бжания Аслан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Iийна Дзапшба Леонид а. Харжамаш кхочушхилла лорур бу махкарчу берриг а харжамхойх ах нах кхаьжнаш таса багIахь. Читать дальше...
Оьрсийчоьнан бахархойн хьашташ тергалдечу Роспотребнадзоро бечу хаамца, кхо стаг ву Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун кхетта: шиъ – ГIебарта-Балкхаройчохь а, цхьаъ – Ставропол-махкахь а. ГIебарта-Балкхаройчуьрчу цхьана маьждиган имам а, цуьнан зуда а хилла цомгуш, дозанал арахьара цIабаьхкича. Ставрополехь ун кхеттарг ю Испане садаIа а яхана, цигара юхаеана лор. Роспотребнадзоро хоуьйту Оьрсийчохь тIаьххьарчу дийнахь-буса 53 стаганна коронавирус кхетарх лаьцна, 18 регионера бу и нах. Таханенна 306 стаг ву Оьрсийчохь ун хьакхаделла.
Нохчийчохь кхачан а, молханийн а мехаш коронавирус яржале хиллачу тIегIантIехь латто гIерта урхаллаш. Цунна лерина полицин рейдаш ю дIайоьлхуш Соьлжа-ГIаларчу а, Гуьмсерчу а, Шеларчу а, кхечу гIаланийн а, яртийн а кхача бухкучу меттигашкахь, аптекашкахь. И тайпа барамаш а латтош, дехка деза йохкархоша шайггара мехаш хьалабахар, хьийхира пIераскандийнахь коронавирусца къийсам латто кхоьллинчу штабан кхеташонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Ун ца даржийта кхоьллинчу штабан кхоьрте хIоттийначу Ахмадов ШахIида бинчу хаамца... Читать дальше...