Iедалан белхахоша кху беттан 13-хь нуьцкъала "Ахамат" а, "Динамо" а клубаш ловзуш футболе хьажа бигина Соьлж-ГIалара бахархой, коронавирус бахьана долуш дуккха а адамаша дакъалоцучу мероприятешка ма гIо бохуш хьехарш долуш. Цунах лаьцна "Кавказский узелна" дийцина ГIаларчу бюджетан организацийн белхахоша а, студенташа а, хаам бо Кавказ.Реалиино. Оцу юкъана Нохчийчуьра 7 стаг ву Соьлж-ГIалахь дарбанан цIийнехь коронавирус хьакхаелла хила мега аьлла шеко йолуш охьавиллина.
Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIе куьг таIийна Конституцехь хийцамаш барх лаьцначу низамна. Документ зорбане даьккхина низамийн информацин порталехь. ХIинца иза талла дезаш ю Конституцин кхел. Цул тIаьхьа хийцамаш махкарчу бахархойн кхоже бохкур бу. Конституцина тIехь бинчу хийцамашца хуьйцуш ю махкарчу Iедалан декъийн баланс, бакъо луш ю Конституцин кхелан суьдхой балхара дIабаха, Путинна а, Медведевна а бакъо луш ю юха а шозза президентан харжамашкахь дакъалаца, нагахь цара толам баккхахь. Читать дальше...
Нохчийн доьзалшкара ши йоI яйнера Францехь кхушеран Чиллан-баттахь. ХIинца и шиъ карийна, хаам бо Кавказ.Реалиино, церан гергарчу стагана тIе а тевжаш. Хьалхо дийцина ма хиллара, Сен-Ло гIалахь школе яханчура цIа ца еанера 17-тта шераш долу ши йоъ. И шиъ доьшуш яра Marie Curie лицейхь. Кхиазхой баран хьелаш къастош ю полици.
ТIом боьдучу Шемарчу кIоштара шен 4,6 шераш долчу шина бераца цхьана цIаялийнарг ю Дагестанан яхархо Кенжибулатова Эльмира. Тахана, Зазадоккху-беттан 14-хь Iуьйранна цIакхаьчна и доьзал Туркойчуьра Соьлж-ГIала деанчу кеманца, хаам бо "Грозный-информ" агенталло. Бакъаонашларъярхочо Саратова Хедас бинчу хаамца, Кенжибулатовас дехар дина, ша Нохчийчохь йитахьара аьлла, "кхузахь Нохчийн Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дерриг а оьшу хьелаш кхоьллина" хиларна. "Грозный-информ" агенталло, яздарехь... Читать дальше...
Бохам хилла ГIалгIайчуьрчу Экажево эвлахь селхана, Зазадоккху-беттан 13-хь, сарахь. Герзаш а детташ, дов къасто гIоьртина шина тайпанан нах. Цу тасадаларехь цхьа стаг вийна, хаам бо Кавказ.Реалиино, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ГIалгIайчуьрчу урхаллана тIе а тевжаш. Оцу хаамца а догIуш, кхин цхьа стаг девнехь дакъалаьцначу наха дIавигина шайца. Уьш хилла "Лада Гранта" а, Hyundai Solaris а машенашкахь. Лазийна ву леттарш дIасакъасто веана хилла 2 полисхо. И шиъ дIакхачийна госпитале. Цу шиннах цхьаъ чов хилла ву когана. Читать дальше...
Мехкадаьттан мехаш пIераскан сарахь 5 процентана хьаладевлла Американ президенто Трампа Доналда КIайн ЦIийнехь зорбан конференцехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн энергетикан министралла къоман стратегин тIахьлонна мехкадаьтта оьцур ду аьллачул тIахьа. И дIахьедар дина Трампа мехкадаьттан мехаш охьадовлуш а долуш. Цхьана кIиранах мехкадаьтта дайделла 24 сов процентана. Оццул дайделла дацара мехкадаьтта тIаххьара дуьненан кризис хиллачул тIаьхьа.
Американ президента Трамп Доналда дIахьедина, коронавирусца къийсам дIабахьа махкахь кIоман тIегIанера къаьсттина чолхе хьал юкъадоккхуш хиларх лаьцна. Цо аьтто бийр бу Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан, бюрократин халонаш а йоцуш, федералан бюджетера COVID-19 вирусца къийсам латто 50 миллиард доллар хьажо. Трампа хаам бина шена коронавирус хьакхаелла хиларан билгалонаш ца хиларх лаьцна. Цул сов, Американ лидеро дIахьедина, Цхьаьнатоьхна Шататаша шен стратегин тIаьхьалонна лаххара мехах дуккха а мехкадаьтта оьцур хиларх лаьцна. Читать дальше...
Оьрсийчоьно доза тоьхна Евробертан пачхьалкхашка кеманаш леларна. Иза хьакхалуш дац Цхьаьнакхеттачу Европин коьртачу гIаланех. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, вирусан ун даржарца къийсам латточу каде штабанна тIе а тевжаш. Цхьана ханна юкъадьаьхна и дехкарш ницкъ болуш хир ду Зазадоккху-бетан 16-хь дуьйна. Цул сов, Оьрсийчоьнан Iедалша сацам бина кеманаш дIасалелар дехка Норвегерчу а, Швейцарерчу а гIаланашка – и пачхьалкхаш юкъахь яц Евробертана. Кхузахь кеманаш лелар юкъахдаьккхина Ослоца а, Бернца а. Читать дальше...