Добавить новость
World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Октябрь
2018

Новости за 16.10.2018

Radiomarsho.com 

Митинган векалшца кхеташо дIаяхьа дагахь ву Евкуров

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека Нохчийчоьнца доза къасторан комиссин декъашхошца кхеташо дIахьура ю Магасехь. Цига кхайкхина бу митингехь лаьтташ болчу нехан векалш.​ Цунах лаьцна хаам бина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан сайта тIехь. Кхеташо хир ю кхаарин дийнахь (ГIадужу-беттан 17-гIа де). Республикан юкъараллин векалшца цу хьокъехь барт бина шинарин дийнахь, Оьрсийчоьнан президентан векало Матовников Александра а, Оьрсийчоьнан президентан администрацин векло Ярин Андрейс а дакъа а лоцуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Магасерчу митинган декъашхой нохчашна лер ца тайна Кадыровна

Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь доза билгалдоккхуш барт барна дуьхьал Магасехь дIахьочу митингехь цхьаболу декъашхой нохчашна лер ца тайна Кадыров Рамзанна. Иза гойтуш дара, "Грозный" телекомпанино гайтинчу Iедалан кхеташонехь, цо дина къамел. Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьахийра социалан машанашкахь шуьйра яьржинчу Магасерчу акцехь яьккхинчу видео кийсагана тIехь нохчий аьшнаш беш цхьаьна жимачу зудчо дийцинарг.

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьно а ГIалгIайчоьно а дозанаш къуьйсу Сунжа кIошт

«Хьунхахь эскархой бу, шу дехьа довлуьйтур дац», - бохуш, дIахьедарш до меттигерчу бахархоша. ТIеман барзакъ доьхначу наха машен сацийра Фортанга хина тIехула тесначу тIайна герга кхоччуш. Циггара йолаелла шина республикан конфликт.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь Козловский лачкъийна хилла бохучух ца теша Евкуров

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан Евкуров Юнус-Бекан шеко кхоллаелла Amnesty International-ан белхахо Козловский Олег ГIалгIайчохь лачкъийна хилла бохучух. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо". "Нагахь ша лачкъийна а, шена йиттина а хилча, сихха ницкъаллин структурийн органашка хIунда ца хаийтина цо цунах лаьцна, цхьа кIира даллалц хIунда Iийна иза?", - билгалдаьккхина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо. Евкуровна хетарехь, бакъонашларъярхочо дина дIахьедар хьалххе кечдина питана хила мега, ГIалгIайчоьнан Iедалшна дуьхьал хьажийна долу. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Некъахьовзамехь 50 шаре яьлла зуда йийна Нохчийчохь

Некъахьовзам хилла Гуьмсан-кIоштахь МелчхитIехь. "Кавказ" некъа йогIучу жимачу машенна урхалла дан а ца ларина, аьчган кертах тоьхна иза 32 шо долчу жимачу стага. И бахьана долуш, цунна уллехь хиина хилла 53 шо долу зуда йийна. Чевнаш хилла волу 30 шаре ваьлла кхин цхьа некъахо охьавиллина Гуьмсерчу дарбанан хIусаме.

Radiomarsho.com 

Болх бан болабелла дозанах лаьцна бина барт - Даудов

Доза къастош Нохчийчоьно а, ГIалгIайчоьно а бина барт болх бан болабелла. Цунах лаьцна яздина Нохчийчуьрчу парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада шен социалан машанехь йолчу агIона тIехь. Гезгмашин-баттахь Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а кехата тIехь барт бира, цхьайолу территореш а хуьйцуш, шина республикан доза  билгалдаккхар хьокъехь. Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а парламенташа тIечIагIбира иза. Даудовс шен хаамехь билгалдаьккхина, доза билгалдаккхар нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш декъар ца хилар.

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь бензин дазлур ду тIедогIучу шеран хьалхарчу дийнахь

Оьрсийчохь цIеххьана даздала мегаш ду бензин 2019-чу шеран Дечкен-беттан хьалхарчу дийнахь. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло, Ларраран чоьно 2019-2021 шерийн бюджет хьокъехь диначу жамIана тIе а тевжаш. Цу документана тIехь дуьйцуш ду 2019-чу шеран 1-чу дийнахь дуьйна акциз 1,5-зза алсам йоккхур хиларх лаьцна. Ткъа цо хьалабаккха мегаш бу бензинан мах.   Оьрсийчохь бензин даздала доладелла мехкадаьттан мехаш хьаладовлуш, ткъа сом дайлуш хиларна а.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь ша шена коьртах топ тоьхна 5 шо долчу йоIа

Бохам хилла Шелковской кIоштахь. 5 шо долу бер ловзуш хилла шен ден тоьпаца. ЦIех[ьана ларамаза герз даьлла. Дендарг кхетта йоьIан коьртах, амма иза дийна дисина. ТАСС агенталло бинчу хаамца, лоьраша охьайиллина йоI клинике. Иза мухачу хьолехь ю хууш дац.


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus