Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Октябрь
2018

Новости за 30.10.2018

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнца бина барт харц лерина ГIалгIайчоьнан конституцин кхело

Нохчийчоьнца доза къастош парламенто тIеэцна низам листина ГIалгIайчоьнан конституцин кхело. Цуьнан декъашхоша харц лерина доза хуьйцуш Нохчийчоьнца бина барт, цу хаттарехула референдум яр т1е а дожош. Конституцин суьде Латкъам бинарг вара гIалгIайн Халкъан гуламан 12 декъашхо а, ши вахархо а. Амма шинарин Iуьйранна хаам баьржира, царах шина депутато а ("Коммерсанто" бинчу хаамца, и шиъ ву Белхороев Яхъя а, Толдиев Амирхан а) шина вахархочо а дехар дина шайн цIерш латкъам биначарна юкъара дIаяхахьара аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ермоловн цIе тилла мегаш ю Минводерчу аэропортана

ДIабирзина Минводерчу аэропортана цIе туьллуш "Сийлахь Оьрсийчоьнан цIерш" цIе йолчу конкурсан шолгIа мур. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино. Хьалхатеттинчу 10 цIарна юкъахь рогIерачу муьре яьлла поэтан Лермонтов Михаилан а, инарлан Ермолов Алексейн а, лоьран Смирнов Семенан а цIе. Конкурс маца дIайоьрзур ю хууш дац.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан конституцин кхело сацор дац депутатийн латкъам листар

Ши депутат юхаваьллехь а Нохчийчоьнца доза къастош парламенто тIеэцна низам таллар сацор дац ГIалгIайчоьнан конституцин кхело. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталле суьдан белхахоша. Хьалхо ТАСС агенталло хаам бинера ГIалгIайчоьнан шина депутато юхаэцна шаьш республикан Конституцин суьде бина латкъам аьлла.   Конституцин суьде Латкъам бинарг вара гIалгIайн Халкъан гуламан 12 декъашхо а, ши вахархо а. Амма шинарин Iуьйранна хаам баьржира, царах шина депутато а ("Коммерсанто" бинчу хаамца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан муфтийна Нохчийчу лелар дагадаийтина Соьлж-ГIалин къедас (видео)

Нохчийчоьнан муфтийн когаметта а, Соьлж-ГIалин къеда волчу Ильясов Адама дуьхьалтохамца къамел дина ГIалгIайчоьнан муфтега Хамхоев Iийсага. Ильясовс бехке вина Хамхоев дов марсадаккха гIертарна, Нохчийчохь гIортор лоьхуш иза Соьлж-ГIала лелла хан цунна дага а йоуьйтуш. Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов ша волчу варна комментари еш Хамхоевс аьллера, шега жоп далалур дац, меттигерчу кегийрхойх, нагахь Нохчийчоьнан спикер ша волчу юха а вагIахь аьлла. Иза хета Ильясовна дов даккха гIертар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Османан импери йоьхна 95 шо

Османан импери йоьхна 95 шо кхаьчна кху деношкахь. 1299 - чу шарахь кхоллаелла туркойн пачхьалкх лаьттина 624 шарахь. Дуьненан хьалхара тIом дIабаьллачул тIаьхьа 1923-чохь вовшахтуьйхира Туркойн республика. Туркойн импери кхоллаяларх а, йожарх а лаьцна дуьйцу истрин Iилман докторо Осмаев Iаббаза

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнна лур ю 24 керла лоьрийн машен

ХIора шарахь луш йолучарна тIе 24 сиххалица лоьрийн гIо кхачоран машен лур ю Нохчийчоьнна. Оьрсийчоьнан министрийн кабинето регионашна 5 миллиард сом ахча делла уьш эца. Цу хьокъехь долу премьер-министро Медведев Дмитрийн тIе куьг тIехь долу документ зорбане даьлла Iедалан официалан сайта тIехь. Цуьнца а догIуш, керла лоьрийн машенаш эца а, школан автобусаш эца а хьажийна ду 2-ша миллиард ах-ах миллиард сом.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн къоман гулам болалуш бу Несарахь

Несаран културан хIусамехь шен болх болош ю гIалгIайн къоман конгресс. Цуьнан декъашхоша дийцаре диллиначерах коьрта хаттар ду ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанах лаьцнарг. Цу мероприятехь дакъалоцуш хир ву 400 сов стаг, хаам бо Gazetaingush.ru сайто. Цхьаболчу хаамашца цу гуламе ван мегаш ву ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь хан кхайкхийна миллион сом лачкъийначу пансионатан куьйгалхочунна

Нохчийчуьрчу тIеман а, къинхьегаман а ветеранийн пансионатан директорна кхел йина цхьа миллион сов сом лачкъорна. Талламхойн версица, шен стунненан петар пансинатан хьашьашна лело эцна хилла цо, 1 миллион 68 эзар сом а делла. Амма цунах цкъа а пайда ца эцна. Талламан гIуллакх долийча директор балхара дIаваьккхина, ткъа Iедалан ахча лачкъорна кхело 2 шо ах шо хан тоьхна цунна арахь яккха.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн депутаташ юхаэцна шаьш кхеле бина латкъам

ГIалгIайчоьнан депутаташа юхаэцна Нохчийчоьнца доза къастош парламенто тIеэцна низам таллар доьхуш, шаьш республикан Конституцин суьде бина латкъам. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло. Латкъам бинарг вара гIалгIайн Халкъан гуламан 12 декъашхо а, ши вахархо а. Ткъа хIинца царах шина депутато а ("Коммерсанто" бинчу хаамца, и шиъ ву Белхороев Яхъя а, Толдиев Амирхан а) шина вахархочо а дехар дина шайн цIераш латкъам биначарна юкъара дIаяхахьара аьлла. ГIалгIайн парламентехь чIагIдо, цу гIуллакхо... Читать дальше...


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus