Болх бан болабелла дозанах лаьцна бина барт - Даудов
Гезгмашин-баттахь Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а кехата тIехь барт бира, цхьайолу территореш а хуьйцуш, шина республикан доза билгалдаккхар хьокъехь. Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а парламенташа тIечIагIбира иза.
Даудовс шен хаамехь билгалдаьккхина, доза билгалдаккхар нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш декъар ца хилар.