Кхело дIадерзийна Титиевн гIуллакх таллар
Титиевс дийцарехь, и скотч полисхоша цуьнан коьртах а дихкина, озийна дIадаьккхинера стохка Дечкен-беттан 10-чу дийнахь. Цуьнан адвокаташа элира, иза тоьшалла хуьлийла дац, цундела иза гIуллакхна юкъара даккхахьара аьлла. Амма суьдхочо Зайнетдинова Мадинас юхатуьйхира церан дехар.
РогIерчу суьдан кхеташонехь хилларг дийцаре деш (прения) дакъалоцур ду шина агIоно - бехкбиллархоша а, адвокаташа а. Иза хир ду Зазадоккху-беттан 11-чу дийнахь. Нагахь Титиев бехке ларахь 10 шаре кхаччалц хан тоха мегаш ю цунна, боккхачу барамехь наркотикаш лелорна.