Москох кхелхина бакъонашларъярхо Алексеева Людмила
1927-чу шарахь Евпаторехь йина яра Алексеева. Москохарчу пачхьалкхан университетехь историн факультет а, Москох экономикан-статистикан институт а яьккхина цо. Советан заманахь къайлах бакъонашларъяран бюллетень кхуллучаьрца а хилла иза, ткъа 1976-чу шарахь бакъонашларъяран Хельсинкин организаци йиллинчарех цхьаъ а яра иза. Цул тIаьхьа шо даьлча пачхьалкхера дIаяха дийзира цуьнан.
Дозанал арахьа диссидентийн боламех талламаш бира цо, дуккха а шерашкахь юкъарлонаш лелийра Маршо Радиоца а, "Голос Америки" радиостанцица а, зорбане юьйлура кеп-кепарчу хьостанашкахь, консультацеш латтайора бакъонашларъяран организацешна. 1993-чу шарахь юхайирзира Алексеева Оьрсийчу, оццу шарахь Москохарчу Хельсинкин организацин куьйгаллехь чIагIйира иза.