Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кхечух жоп дала декхаре вацахь а...

Саламова Елена

"Наркотикаш лелорна" кхеле озийначу Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" декъан куьйгалхочуьн Титиев Оюбан вешин кIант Титиев Адам а лаьцна деношкахь оццу бахьанийца. Бакъоларъярхошна хетарехь, полисхоша доцург кхоьллина цунна тIехь.


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана даржийна иза лацарх лаьцна, Титиев Оюбна дуьхьал "компромат" йовзуьйтучуха. Амма Титиев Адам лацар низамехь дац, чIагIдо бакъоларъярхоша.


Iасанаш а, даккхий кисанаш а


"Дуьххьара Титиев Адамна наркотикаш лелорна хан туьйхира Дагестанан Кизил-Юьртарчу кхело 2001-чу шеран Охан-баттахь. ВуьрхIитта шо хьалха Дагестанехь! Нохчийчохь а дацара иза. Юха Шелахь оццу бахьаница кхеле озийра 2011-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь. КхозлагIа лаьцна наркотикца", - яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.


Муха лаьцна Титиев Адам цкъачунна билггал хууш дац. Амма гучудаьлларг а ду шеко кхуллуш.


Титиев Адам Заурмаканович, вина хан - 18.05.1973, зама хьалха веллачу Титиев Оюбан вешин кIант. Зуда а, пхеа бер  а ду. Веха Куьршалахь. Титиев Оюбца юкъарлонехь наггахь бен ца хуьлура. Менингит, гепатит С, пехийн цамгар йолуш ву. Машено лазийчхьана схьа Iасанашца лела", - яздина гергарчара бакъоларъярхочуьнга Ганнушкина Светланига.


Бакъ а долуш, 2001-чу шарахь наркотикаш лелорна 6 бутт хан тоьхна кхело. Цул тIаьхьа 10 шо даьлча юха а лаьцна иза оццу бахьаница, гIуда такхийтина 20 эзар соьманна.


Гергарчара дийцарехь, буса Мурад цIе йолу, нарокотикаш лелорна цIахь токху хан тоьхна волу цуьнан накъост веъна неIаре, цо аракхайкхина. Дукха хан ялале иза ший а лаьцна урамехь полицино. Мурад дIахецна, Адам Куьршаларчу полице вигина. Цигга валийнера 2018-чу шеран Дечкен-беттан 9-чу дийнахь Титиев Оюб а.


Официало бахарехь, 120 грамм кIомал яьккхина Титиев Адаман кисинара. Лаьцна шина баттана.


Тамаше ду заьIапхочун кисина 120 грамм кIомал хоьина бохург. Оццул дукха иза хилча, Титиев Адамна дуьхьалдаккха тарло Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан 228-гIачу артиклан 2-гIа дакъа. "Алссамчу барамехь" олу 100 граммал совйолучу кIомалх.


Тайп-тукхуме жоп дехар – шаръелла практика


2004-чу шарахь, Кадыров Ахьмад велла дукха хан ялале, кхелхира цуьнан воккхахволу воI Зеламха. Официало, и 30 шо долу стаг дог лозуш вара – да кхалхар а ца лайна, велла, бохура.


Кадыров Зеламхех лаьцна, масала, Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре иштта яздинера  2009-чу шарахь Венехь вийначу тIемалочо Исраилов Iумара: "Зеламха даржехь вацара, амма маьршша кхочура нах лецна латточу ЦIоьнтарарчу базе. Иза наркоман вара, наркотиках а кхетий вогIура базе. Чоьнаш чуьра лецнарш ара а бохий, моггIара дIа а хIиттабой, массарна а бетах еттара цо. Доккха мухIар дара цуьнан пIелгахь, чIоггIа лазорхьама, цуьнан тIулг куьйганна чоьхьа а берзабой, еттара цо".


Вашас дина хила тарлучу зуламашца доьзна Кадыров Рамзан цкъа а вац хьахийна. Иза логикехь ду, Оьрсийчоьнан низамаша ша зуламхо бен ца во динчу зуламна жоп дала декхаре.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus