Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Коммерсант": Соьлж-ГIалахь тIелатар динарш уьйр йолуш хилла ГIалгIайчуьрчу джамаIатца

Соьлж-ГIалахь килсана тIелатар дина тIемалой уьйр йолуш хилла "Исламан пачхьалкх" тобанца уьйраш латточу Гетагажев Артура куьйгалла деш хиллачу ГIалгIайчуьрчу тобанца - Малгобекерчу джамаIатца. Иштта верси ялийна "Коммерсант" газето, Соьлж-ГIалахь хиллачух яздеш.


Газето чIагIдарехь, Гетагажев тобано 2012-чу шарахь эккхийтар динера Малгобекехь полисхо дIавуллуш. Цу тобанарчу наха вийна 2013-чу шарахь ГIалгIайчоьнан кхерамазаллан кхеташонан секретар Котиев Ахьмад.


"Коммерсанто" бинчу хаамца, 2014-чу шарахь "Исламан пачхьалкхаца" уьйр хилла Гетагажев вийра. Муха латтийна хилла цо и уьйр газето дуьйцуш дац.


"Коммерсантан" хьстано чIагIдарехь, килсана тIелатар динчерах цхьаъ – Цечоев Ахьмад - Малгобекан кIоштан вахархо ву, школа яккха а кхиале, исламан радикалех дIакхетта волу.


"Коммерсант" газето, хьалхо бинчу хаамашца,  мукъаденошкахь Соьлжа-ГIалин юккъехь гIаттамхойн тIелатар дан Iалашо хиллийла хууш хилла. Юьхьанца Нохчийчоьнан администрацин резиденцина тIелатар дийцаредеш хилла цара, и гIишло леррина ларъеш хиларна, ойла хийцина. "Цундела гIалин массо а маьIIехь полисхой бара дIасабаьржина", - аьлла, хаамбина газете церан хьостано. Архангел Михаилан килсана гена йоццучу зезагийн паркехь тидам бинера шеконца дIасахьийзачу кегийрхойн. Циггахь лаьцна уьш полисхоша.


Цхьайолчу хьосташа дийцарехь, килс чохь лачкъа гIоьртинчух тера ду гIаттамхой, шаьш лаца тIаьхьабевллачу поисхойх.


"Килс чохь бен кхи царна къайлабовла меттиг бацара", - билгалдоккху газетанца къамел динчара

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus