Нохчийчохь юьртда лаьттинарг кхеле хIоттийна
Талламчийн зерашца, шеконашца лаьцначо Катар-Юьртарчу администрацин куьйгаллехь волчу заманчохь, 2013-чу шарахь меттигерчу вахархочунна иза латтан да хилар тIечIагIдеш, харц кехат делла хилла, вахархочун долахь и латта доцийла хуушшехь, дийцина "Нохчийчоь Тахана" агенталле Талламан комитетан векало.
Оцу гIуллакхна гуонах талламаш дIахьош бу.