Интернетехь шайх лаьцна информаци цаяржоре кхойкху бахархой зIенан министралло
Пачхьалкхан бахархойн медиахаарш лакхадахархьама рекомендацеш кечйина министралло.
"Дайх-нанойх а, берех дерг аьлча, ца оьшу шех лаьцна информаци яржо интернетехь. Зуламхоша, хууш ма хиллара, пайда оьцу зорбане яьккхинчу информацех", - аьлла Волина.
Кху беттан 19-чохь Росгвардино а хьехнера, социалан машанашкахь шаьш садоIучу меттигашкара суьрташ ца хIиттор, петаршкахь къоланаш деш хиларна. Къаьсттина керлачу шеран даздаршкахь нисло къоланаш дар.