Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Магнитскийн тептар" шордина Iамерко

"Магнитскийн глобалан низаман" гурашкахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа шорйина шаьш тоьхна санкцеш. Iамеркан финансийн министраллан сайтехь болчу хаамца, тептарехь Оьрсийчоьнан Инарла прокуроран Чайка Юрийн кIант Чайка Артем а, Узбекистанан хиллачу президентан Каримов Исламан йоI Каримова Гульнара а, Киеверчу "Беркутан" хилла лидер Кусюк Сергей а ву. Зорбане даьккхинчу тептарехь ерриг а 37 организаци а, 15 стаг а ву.


Пресс-релиз тIехь яздарехь, активаш, контракташ схьаэцархьама а, бизнес-конкуренташна тIеIаткъам бархьама а, шен дех пайдаоьцуш хилла кIанта.


2013-чу шеран гурахь маьрша протестхошна тIелатар дина хилла, хIетахь "Беркутан" 290 офицерна тIехь куьйгалла дечу Кусюк Сергейс аьлла финансийн министралло. Протестхошна йиттинера арабовларна.


Кусюк дIавоьхуш ву Украинано Оьрсийчоьне, 2014-чу шарахь Киевехь демонстранташна тIе герзаш деттарна, шеконашкахь волу, яздо финансийн министралло. Бутт хьалха Украинан прокуратурано дIахаийтира, Оьрсийчоьно дуьхьало йина хиларх иза дIавала.


Къоланаш дечу тобанца юкъарлонехь хиларна а, пачхьалкхан ахчанаш дайарна а, ял дIа ца яларна а, нуьцкъала ахчанаш дахарна а бехкеечу Каримова Гульнарина  Узбекистанехь набахтехь даккха ши шо хан кхайкхийнера 2015-чу шарахь.


Кху деношкахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзана а ваьккхина "Магнитскийн тептаре".


Iамеркан финансийн министраллана хетарехь, Кадыров а, кхи а Оьрсийчоьнан 4 вахархо а бехке ву мехкашкахь лелийначу Iазапашна а, адамийн бакъоанш ларъеш цахиларна а.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus