Туркойчуьрчу, сов йоккха а йоцчу Кёрфез гIалахь Нохчийчоьнан Ичкерин прехидентан Дудаев ЖовхIаран цIарх майда схьаеллар емалдина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цунна тIаьххье президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс а, арахьарчу гIуллакхийн министраллин векала Захарова Марияс а. Ден деза, кхераме дIахьедарш новкъа дац Оьрсийчоьнан, Туркойчоьнан юкъаметтигашна, цара талхадойла дац нохчийн туркошца долу гергарло, аьлла хета тергамчашна. Парк схьаеллар тидаме доьзнийла хоуьйтуш, ГIуран-беттан... Читать дальше...
Де хьалха Нохчийчохь лечкъийначу "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" къилбаседанерчу филиалан юристан Янгулбаев Абубакаран гергарнаш бехачу хIусамашкахула чекхбевлла бакъоларъярхой - цхьаберш цIа бахкийтина. Хьалхо юристо дIахьедира, 40 гергга шен ненахой а, дехой а дIабигина аьлла. "Соьлжа-ГIаларчу цхьана адресца чохь нах хилла, амма ваханарг со цахиларна, неI йиллинчара шьаш ца довзийтина, уьш муьлш бу билггал хууш дац. ШолгIачу адресца бахча - цхьа а цIахь ца крийна. ГIойтахь беха гергарнаш а цIахь хилла. Читать дальше...