Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийн ницкъахоша Москвара дIайигина доьзалехь ницкъбарх йедда йолу 20 шо долу Исмаилова Селима

Доьзалехь ницкъбарх бакъоларйархойн гIоьнца йедда хилла йолу Нохчийчуьра йахархо Исмаилова Селима дIайигина республикерчу ницкъаллин сервисийн белхахоша. Де хьалха Москварчу "Внуково" аэропортехула Оьрсийчуьра дIайаха кечйелла хиллера иза, амма дIалецира тIаккха.


"Сарахь исс даьллачул тIаьхьа шолгIа дехар дича полисхоша пурба делира Селима дарбан цIийне йига, вон хиллера цунна. Цунна лоьрийн таллам бира, хIумма а гучу ца делира, "Внуковерчу" декъе схьайалийра. Iуьйранна адвокаташка элира, хIинца иза дIайаларан барамаш болор бу", – дийцира Кавказ.Реадиин сайте доьзалехь ницкъбарх зен хиллачу наханна гIо латтош йолчу Центран белхахочо Русова Софьяс.


"Внуково" аэропортан сайтерчу хаамашца а догIуш, Utair авиакомпанин кема Соьлжа-ГIала новкъаделира Москварчу сахьтаца 10:13 хан йаьлча.



Исмаилова шен 12 шо долху хенахь деца-ненаца, вежаршца, йижаршца Германи дIайахара. Цигахь ненаца девнаш хилар бахьана долуш, цунна таIзарш деш хилла. 2021-чу шеран аьхка иза ТIехьа-МартантIерчу шен ден нене дIайелла. Германера цIавеъначу дас цунна йиттина. Йуьйр йу ша аьлла, кхерам тесна. Бакъоларйархоша республикера арайала гIо дина Исмаиловина, масех баттахь, кехаташ кечдаллалц, иза Москвахь къайлайаьккхина латтийна цара.
Доьзалера Iазап – Къилбаседа Кавказера чолхечу проблемех цхьаъ йу. Дуккха а меттигера зударий шайн цIийндайша а, кхинболчу гергарчара а Iазапехь латтабо. Хууш ма-хиллара, низамхойн урхаллаша и тайпа хиламаш тергал ца бо. Нагахь бехкечарна бехктакхаман гIуллакхаш доладахь, царна мелла а кIеда кхел кхайкхайо.
ТIаьхьарчу иттех шарахь доьзалерчу Iазапах лаьцна пачхьалкхан думехь 40-за низаман проект хьалхатеттира, амма царех цхьа а дIайешна йац. 2017-чу шарахь Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексера дIайаьккхира доьзалехь ницкъбарна йолу артикал, амма йукъадаьккхира административан жоьпалла. 




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus