Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчуьра ЛГБТ-декъашхо лачкъорах гIуллакх долон дуьхьал хилар доьазза йухадаьккхина прокуратуро

Нохчийчохь вехаш хилла волу ЛГБТ-н декъашхо Селимханов ИбрахIим лачкъорна тIехула бехктакхаман гIуллакх ма доладе аьлла Талламан комитето бина сацам доьалгIа йухабаьккхина прокуратуро. Цунах лаьцна дийцина СК SOS кризисан тобано. Талламхоша бинчу сацамна рогIера латкъам хьажийнера бакъоларйархоша.


Селимханов Дагестанехь вина ву, амма массо хенахь Нохчийчохь ваьхна ву. Гергарчара цуьнан сексуалан хьежамаш тIе ца лацар бахьана долуш доьзалера ведира иза. 2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Селимханов Ибрах1им Москварчу метрона уллохь лачкъийра – нохчийн мотт а буьйцуш, рогIерчу вахархочун бедарш йоьхначу бевзаш боцчу наха лачкъа а вина, нуьцкъаха машена чу а тоьхна, аэропорте дIавигира иза, цултIаьхьа Соьлжа-ГIала йоьдучу рейсаца дIа а хьажийра. Соьлжа-ГIалахь лачкъийнарг левира, бакъоларъярхойх лаьцна дийца бохуш, тIаккха гергарчу нехан кара дIавелира. Шена вада меттиг а лехна, новкъахь кхетачу машенашца Нохчийчуьра дIавахара иза. ХIинца кхерамазаллехь ву.


ГIадужу-баттахь кIошташна йукъарчу прокурато тIечIагIдира, меттигерчу Талламан комитето "шога текхадо" Селимхановн хьокъехь таллам бар.



Гезгмашин-баттахь хиира, прокуратуро Селимханов ИбрахIим лачкъор листар сатталаман декъана т1едиллина хилар.
Арсамиков Идрис чиллин-беттан 15, 16 деношна йуккъехь Домодедово аэропортехь дIа а лаьцна, нохчийн полицига дIавелла ву. Стагаца уьйр лелош гучуваьлла аьлла, Iедалхоша дIалаьцна латтийна, таIзараш дина ведда вахана вара иза цига. Цуьнан дахаран, могушаллина боккха кхерам бу боху, бакъонашларйархоша.
Товбеца-баттахь бакъоларъярхочо Кочетков Игоря МВД-на а, Талламан комитетана а, прокуратурина а тIедожийра Соьлжа-ГIалара вахархо Дадаев Ризван цуьнан сексуалан хьежамашна тIехула дIалацарца долу гIуллакх таллар. Жимастаг верна кхоьрура иза.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus