Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Москвахь болх беш хилла Нохчийчуьра полисхо къоман билгалонца балхара дIаваьккхина

Хьалхо цигахь гIуллакх деш хиллачу Нохчийчуьра вахархочо Идрисов Ахьмада Москвахула йолчу ГУ МВД-н хьокъехь дина дIахьедар толлуш ду Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело. Бакъо йоцуш органашкара ша дIаваккхарх а, къоман билгалонца дискредитаци лелорах а хаийтина цо.


ГIуллакхан материалашца а догIуш, Москварчу бехктакхаман гIуллакхаш толлучу цхьадолчу декъан хьаькам хилла Идрисов. 2020-чу шеран марсхьокху-баттахь дIаваьккхира иза чоьхьарчу гIуллакхийн органашкара. Нохчийчуьрчу полисхочо тIедожийнера, ша балхара вохош дина омра бакъонехь цахилар а, "сий, доьналла, белхан репутаци бехъйеш" хилар лара аьлла.


Цунна хетарехь, билггал иза даржах ваккхаран бахьана ду цуьнан къам – оцу долчунна тIехула цо иштта иск чуйелла шахьарерчу МВД-н куьйгалле. Идрисовн иск ах къобалйина Нохчийчуьра Теркйистерчу кхело, иза балхара дIавоккхуш дина омра низамехь цахилар тIе а чIагIдеш, кхелана цо дайъийна хилла 271 эзар сом компенсацица метта а хIоттош. Москварчу ГУ МВД-н дIахьедарца, кхелан харжан барам охьабаьккхинера 200 эзаре.



ХIинжа-ГIаларчу Советский кIоштан кхеле яьлла Талламан комитет, МВД-н белхахочунна Набиев Байдарусна дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх сацор доьхуш – хьалхо иза бехкевинера лаьцна хиллачу меттигерчу вахархочунна хIотточу протоколца фальсификаци лелорна.
Дагестанехула йолчу МВД-н урхаллин масех белхахочо латкъамбинера, товбеца-беттан алапа тIера итт процент бертаза сацорна – "ДНР" а, "ЛНР" а олучу республикашна гIоьнна хьажош ду аьллера ахча. Цунах лаьцна дIахьедира махкарчу полицера редакцин масех хьасто. Информаци фейк ю элира урхаллин пресс-гIуллакххоша. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus