Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Ставрополехь лоьхуш ю Иванова Марина. Цуьнан тIепаза яр дузу 1АДАТ каналца

Ставрополан кIоштарчу Железноводскана уллорчу Иноземцево поселкера Дечкен-беттан 23-чохь дIаяхана 38 шо долу Иванова Марина орцанхоша а, бакъоларъяран органаша а, волонтераша а лоьхуш ю. Иза къайлаяларан бахьанаца бехктакхаман гIуллакх ду долийна, ткъа медиахь информаци гучуелира, иза лачкъийна хила тарло нохчийн ницкъахоша аьлла.


Ставрополан кIоштарчу лехамийн "ЛизаАлерт" тобано хаамбарца, Иванова яйначу хьалхарчу дийнахь арабевлира волонтераш доза талла. Бештау ломана гергахь лоьхура цара, хIунда аьлча цига йоьдуш хиллера яйнарг. 12 лехамийн тоба а, дронаш а ю иза лохуш. Иза лоьхучу юкъанна волонтераша 230 километар меттиг зийна.


ХIинца дIахьош ду "инфолехар", машанехь яржийна ориентировка. Жигара дIасаэхар сацийна цкъачунна, дийцира Кавказ.Реалиига Ставрополерчу "ЛизаАлерт" тобано.


Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Ставрополерчу урхаллин сайта тIехь "ТIепаза байнарш" аьллачу тептарехь гучудаьлла Иванова Маринин карточка. Билгалдаьккхина, Пятигорскерчу талламан декъо бехкзуламан гIуллакх диллина хилар "Стаг вер" аьллачу Iедалан къепехь. Оцу стандарте практикех пайдаоьцу, стаг дIавайна хан яьллехь, гIуллакх делларо ца боху, вайнарг билггал вийна хир ву.


Масех де хьалха Baza телеграм-канало, шайн хьосташна тIетевжина, яздира, талламан информацица, Иванова Марина "Нохчийчоьнан Iедалхошна ца дезачу 1АДАТ телеграм-каналца юкъарлонаш лелош хилла", цундела зуда лачкъон сацам хилла аьлла. Цул совнаха, талламхошкахь иза лачкъийначийн биллгал цIераш а ю – Нохчийчуьрчу Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хилла белхахой.




Телеграм-канало дIахьедина Кавказ.Реалиига, яйнарг шайна евзаш яц, иза шайца болх беш яцара, Baza каналан публикацехь хиира шайна, цуьнан боламца уьйраш хилла аьлла.



Нохчийн оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан чатан хилла модератор Тепсуркаев Салман лачкъорах долчу гIуллакхна тIехула адамийн бакъонашкахула йолчу Европерчу кхело (ЕСПЧ) ГIадужу-беттан 19-чохь сацам бовзийтира. Иза лачкъорна а, цуьнца лелийначу къийзаллех а жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь хилар къобал дира ЕСПЧ кхело.
Дечкен-беттан 20-чохь бакъоларяърхочун Янгулбаев Абубакаран Нижний Новгородерчу петар чу лилхинчу Нохчийчуьрчу МВД-н белхахоша бертаза Соьлжа-ГIала дIайигира цуьнан нана Мусаева Зарема, теш санна леян. Юьхьанца чохь даккха 15 дей-буьйсий туьйхира цунна, полисхо аьшнашвина аьлла, цул тIаьхьа бехкзуламан гIуллах диллира – протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера аьлла, бехкейина.  Кадыровцаша бехкебо ЯнгулбаевгIеран доьзал 1АДАТ телеграм-каналан модераторш бу аьлла.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus