Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кадыровн кхоалгIа йоI цуьнан секретариатан куьйгалхочун гIовс хIоттийна

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхоалгIа йоI – ХутIмат – цуьнан секретариатан куьйгалхочун гIовс хIоттийна. Хьалхо директор яра иза "Грозненский дельфинарий" комплексан.


Кадыровс ша йовзийтина шен йоI секретариатехь, керла куьйгалхо, хьалхо "Ахмат" спортан клубан директор хилла Эдилов Валид вовзуьйтуш, хаамбира "Грозный-информ" агенталло. Цо чIагIдарехь, Эдиловс дIалаьцна иштта Оьрсийчоьнан боксан Федерацехь дарж а.


Цул тIаьхьа масех сахьт даьллачу хенахь Кадырова ХутIмат декъалъеш, вистхилира Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам а, къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбан а, информацин а министр Дудаев Ахьмад а, парламентан депутат Ханбиев Мохьмад а.


20 шо ду Кадырова ХутIматан. 2019-чу шарахь юккъера школа чекхъяьккхина цо. Пачхьалкхан гIуллакхдарехь даржашкахь белхаш бан лаккхара доьшийла цо чекхъяккхарх цхьа а информаци  яц йиллинчу хьосташкахь.



Хьалхо Кавказ.Реалиино дийцира, Кадыров Рамзанан цхьа могIа чоьхьара гергарнаш махкарчу пачхьалкхан даржашка хIитторах лаьцна а, царна кеп-кепара совгIаташ дарх а.
Кадырова ХутIмат евзаш яра нашидаш аларца а, оцу жанрехь иллиалархо а, шейх а волчу Кувейтерчу  Мишари аль-Афасица цхьана нашид лакхарца а. Нохчийн хаамийн гIирсашкахь яздора ХутIмат "Оьрсийчохь уггар къона фермер" ю бохуш. 2020-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу школазхойн дешаран департаментан куьйгалле хIоттийра иза. Кху шеран Дечкен-баттахь цо хьалхара меттиг баьккхира зударшлахь Дуьненаюкъарчу герз кхосаран конфедерацин а, Гуьмсерчу спецназан университетан спортан-кхийсархойн клубан а къийсаршкахь: 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus