Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Могушалла Iалашъяран министраллан а, оперативан штабан а ун даьллачех терахьаш бIостане ду

Оьрсийчоьнан могушалла Iалашъяран министраллан регистрехь пхоьазза сов ду пачхьалкхехь COVID-19 уьнца болчу нехан терахь, коронавирусца къийсам латточу оперативан штабан официалехь Iорадохучул а. "Медиазона", "Холод" "Медуза" (тIаьхьарниг оьрсийн Iедалша арахьарчу агентийн могIаре язйина, "Медузан" редакци реза яц оцу сацамна.-Реадкцин билгалдаккхар) гIирсаша юкъахь бинчу талламан жамIаш ду ишта. "Госуслуги" порталехь коронавирус текхначийн сертификатийн номерш теллинчул тIаьхьа дина оцу кепара хьесап журналисташа. Цаьрца а догIуш, Товбеца-бутт юккъе баьллачу хенахь номерш 29 миллионел сов яра- и бохург ду, ун даьлла нах дукха хиларца Оьрсийчоь дуьненахь 3-чу меттигехь хилар.


Оцу юкъанна, оперативан штабан зерашца, пандеми йолаелчхьана Оьрсийчохь вирус кхетта нах ялх миллионал а тIех бу. Оьрсийчоьнан Iедалхой кест-кеста бехкебо, коронавирусан инфекцин статистикаца хIилланаш лелорна.


Мангал-баттахь "Медиазонан" лараршца, пневмоних лечу нехан терахь 2020-чу шарахь 140 проценте лакхадаьлла, ткъа "къаналлех" кхелхачийн – 20 проценте. Хьостана хетарехь, регионаша цхьана Iалашонца лорура коронавирусах беллачу нехан хаъал долу терахь кхечу цамгарех кхелхича санна.


Карарчу баттахь Санкт-Петербургерчу могушалла Iалашъярехула йолчу комитетан куьйгалхочун гIовсан Саран Андрейн "Комсомольская правда" радиостанцин эфирехь ларамза багара делира, шайн гIалахь билггал долчу коронавирусан хьолах. Цо дийцарехь гучудолу, Петербургехь ГIуран-беттан юьххьехь COVID-19 вирус 400 эзар сов стагаца къаьстина хилар.


Ткъа  оперативан штабан офицаиалан статистикехь оцу хенахь дIахьедира, мел лахара а 140 эзар вахархо ву ун даьлла, аьлла. Терго йина цуьнан "Фонтанка" ресурсо.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus