Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Краснодар-махкахь полицин декъан куьйгалхочунна хан тоьхна кхаъ эцарна

Краснодар-макхарчу Новопокровски кIоштан полицин декъан куьйгалхо Кривошей Андрей бехкевина кхело боккхачу барамехь кхаъ эцарна. Оцу хьокъехь хаам бо махкарчу Талламан комитетан урхаллин пресс-векалто.


Талламан версица, 2019-чу шарахь полцин декъо тоьшаллаш гулдеш хилла меттигерчу вахархочо низамехь а доцуш дитташ хIаллакдарца доьзна айдинчу бекхтакхаман гIуллакхна.


Полисхо цхьаьнакхетта бехке лоручун вешица, 300 эзар сом лахь, цуьнан ваша таIзарх хьалхаваккха аьтто бу, аьлла.


Шеца дина къамел вукхо довзийтина къепе латточу хьукматашна. 2019-чу шеран Охан-беттан 25-чохь полицин декъан куьйгалхо цхьаьнакхетта цуьнца – ткъа бекхе вечо хьаькаман машен чохь дитина шега доьху ахча. Оцу хьолехь полицин куьйгалхо лаьцна Оьрсийчоьнан ФСБ-но.


Аппеляцин инстанцин кхело Кривошей Андрейна набахтехь луьрачу хьелашкахь яккха хан тоьхна 7 шо, гIуда доккхур ду цуьнгара 885 эзар сом. Цул сов дихкина полицин куьйгалхо лаьттинчунна кхаа шарахь хьаькаман даржехь болх бан.



Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь болх бинчу полковникна Шавлохов Вадимна 8 шо кхо бутт набахтехь такха къастийра кхело кхаьънаш эцарна. Талламо билгалдаьккхира цо 100 эзар долларх Къилбаседа ХIирийчуьрчу криминалан авторитетна Гагиев Асланна (Джако) цунна дуьхьал Iедалан хьукматаша гулйина информаци йоьхкина хилар.
Къилбаседа ХIирийчохь кхушара бехктакхаман гIуллакх айдина наркотикашна дуьхьалоечу декъан шина полисхочунна дуьхьал: БуьритIерачу яхархочуьнгара 500 эзар сом доьхуш хилла цара иза "бехктакхамах хьалхайоккхург". Низамо бехктакхаме лоруш дацахь а,  "Лирика" молха цуьнгахь карорна ийзош хилла иза жоьпе.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus