Оппозицин митингехь Дагестанехь иттех стаг лаьцна. Бу царалахь журналисташ а
Шайн карабаьхкинчу журналисташна ницкъахоша тIедожийнера шаьш дIаязъян ларийна видеош дIаяйъар. Цхьа хан яьлча дIахецна уьш.
Акци йола а ялале полисхоша талламаш болийнера майданахь. Хаамийн гIирсийн белхахойн кехаташка а хьоьвсина, майдана юккъера дIадовла аьлла хиллера.
"Нагахь санна, дIадуьгуш хилахь, журналист вуй-ваций цхьаммо а къестор дац", - аьлла, дIахьедина хиллера цаьрга цхьахволчу полисхочо.
"Маршо Навальныйна!" цIе йолчу протестан акцин картаца а догIуш, Охан-беттан 21-чохь Навальный Алексейгахьа ХIинжа-ГIалахь арабовла барт хиллера 800 вахархочун. Iедалхошкара пурба доцуш хIоттош яра акци.
Охан-беттан 11-чохь ХIинжа-ГIалахь йиллинчу Навальныйн штабан координатор Атаев Эдуард лаьцна ву.
Карладоккху, Дечкен-баттан 23-чу денна кхайкхийна митинг герга кхочучу заманчохь Кубанерчу пачхьалкхан университетан а, Плехановн цIарахчу университетан а, кхин а цхьа могIа доьшийлин студенташа а латкъамаш бира, администрацино шайга дIахьедина хиларх, нагахь санна, оцу акцехь дакъалацахь, шайн проблемаш хир ю аьлла.
Чиллан-баттахь дуьйна Владимирскан кIоштарчу Покровка гIаларчу номер 2 йолчу колонехь латтош ву Навальный Алексей. Цуьнан хьокъехь йина кхел харцо ю аьлла, дIахьедина Европерчу адамийн бакъонийн кхело.
Набахтехь Навальныйн могушалла цIеххьана галъелира. Зазадокху-бутт бовш мацалла кхайкхийна цо, шена тIе лоьраш ца битарна. Де хьалха таIзарш кхочушдаран федералан урхалло (ФСИН) хааме даьккхира, Навальный дарбан цIийнан стационаре охьавуьллуш ву шаьш аьлла.