"Кавказ-2020" тIеман Iамораш долийна Оьрсийчоьно
ТIеман лаккхарчу хьелашка хIоттийна Къилбаседа Кавказехь авиаци, аннекси йинчу ГIирмехь а, Ростовн, Краснодаран, Ставрополан мехкашкахь Су-27 а, Су-30СМ а кеманаш ду тIеман гIаролехь, яздо «Оьрсийчоьнан газето».
ТIеман Iалашонаш кхочушъян арадаьккхина Каспин хин-эскаршкара 30 хIордакема, яздо "Интерфаксо". Iамораш лаьттар ду кху беттан 26-чу дийнналц.