Навальный дIасавуьгучу хьолехь вац аьлла коьртачу лоьро
"Лоьраш лартIахь деш къамел дац, "ДIасавоккхучу хьолехь вац" алар доцург", - боху Твиттерехь коррупцица къийсам латточу Фондан директоро Жданов Ивана.
Хьалхо Омскерчу могушалла Iалашъяран министралло кхетийра, комехь волу Навальный кхечу меттиге дIавига магочу хьолехь ву йа вац аьлла сацам лоьрийн консилиумо бан безаш бу.
ПIераскан дийнахь пациентерчу хьолан мах хадо шуьйра консилиум ю кхайкхийна, Пироговн цIарахчу центран а, Бурденкон цIарахчу центран а говзанчаш юкъахь а болуш.
Омскан лазартне кхачийна Навальный Алексей комехь ву. Томскера Москва дIавоьдучу хенахь кеман чохь вон хиллера цунна. Оппозиционеран агIончаш тешна бу, цунна дIовш делла хиларх.