Нохчийчохь 92 лоьранна кхетта COVID-19
Цо бахарехь, оцу лоьрех дукхахберш, то а белла, шайн белхашкахь бохку. Амма Гадаевс ца хаийтира, маса царех дарбан хIусамашкахь Iуьллу, мел дукха бу белларш.
Хьалхо баьржинчу хаамца, мехкан орцан медицинан коьртачу лоьран гIовс Айдамиров Рамзан велла. Парламентан спикера Даудов Мохьмада дийцира, республикерчу цхьана дарбан хIусамехь берах йолу медик елла, аьлла.