Украинехь лецна Окуева Амина йийнарш
Окуева кхелхира 2017-чу шарахь ГIадужу-беттан 30-хь Киеван кIоштахь. Иза а, цуьнан хIусамда Осмаев Адам а чохь волчу машенна герзаш диттира муьлш бу ца хуучу наха. Осмаевна чевнаш йира, Окуева – кхелхира.
Осмаев Оьрсийчохь бехке веш вара президент Путин Владимир вен Iалашо хиларна.
Украинин полисхоша лецначу нехан цIераш цкъачунна йовзуьйтуш яц.