Талламчаша бехк кховдийна Саутиева Зарифе
"Саутиевас шега хеттарш дечу заманчохь дIахьедина, ша бехке цахилар. Цул совнах, цо дехна талламчашка ша цхьана а йолуш митингехь ша тIехь йолуш яьккхинчу видеога хьажар, ша гунахь йоций уьш тIекхиорхьама", - аьлла Дзугаевс. Кху беттан 13-чохь лаьцна Саутиева Нальчикерчу изолятор чохь латтош ю.
Охан-баттахь Магасан кхело администсративан гIуда кхачийра Саутиевана. 20 эзар сом гIуда такха декхаре йира иза.
Мемориалан комплексан директоран гIовсан даржера а дIаяьккхира иза, амма Магасан кIоштан кхело юхадIахIоттийра. Стигалкъекъа бутт бовш керла хIоьттинчу Мемориалан комплексан директоро юха а дIаяьккхира иза балхара.