Ломара Карабах аьлла дIакхайкхийначу республикин векалша дIахьедина гезгамашин-беттан 10-чохь делкъанна сахьт даьлча дуьйна герзаш совцор ду шаьш аьлла. Азербайджанан тIеман министралло хаам тIечIагIбина. Къобалйазчу республикин Iедалш азербайджанхойн агIонан доллу тIедахкаршна реза хилла, кху деношкахь Ломара Карабахера эрмалойн позицещна йуха а тохарш долийнера цара, йаздо Маршо Радион оьрсийн сервисо. Доккхачу декъанна, хаамехь билгалдаьккхина, Ломара Карабахера эрмалойн герзашца вовшахтоьхна тобанаш дIасайохор йу... Читать дальше...
Карладаккхар: видео дIайазйеш дакъалаьцначу лоьрах а, дукха хан йоццуш Кадыровс деваша винчу денца декъалварх а, цу тIехь цхьа а цамгар ца йуьйцу цо, хаамаш тIетоьхна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана видео хIоттийна, цу тIехь шен деваша Кадыров Мохьмад волчохь дарбанан цIийнехь ву иза. ЧIагIдарехь, видео дIайазйина Москвара президентан гIуллакхашкахула йолчу урхаллин дарбанан цIийнехь гезгамашин-беттан 20-чохь. Кадыровн могушалла эшна бохуш, хаамаш баржийначу йукъанна гучуйаьккхина йу видео. Читать дальше...