Республикехь культурин министр йолчу, Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIана Кадырова Iайшатана "Даймахкана гIуллакхаш дарна" аьлла орденан мидал йелла – оцу омрана куьгйаздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. ХIун динчунна дина совгIат, хоуьйтуш дац – омри тIехь билгалдаьккхина ду "даймехкан культура а, исбаьхьалла а кхиорна а, дуккха а шерашкахь беркате къахьегарна" а аьллла, совгIат дечу массарна а йаздийриг ду и. Цул совнах, Дагестанера министрийн кабинетан куьйгалхочунна ДоттагIаллин орден йелла "балхаца кхиамаш бахарна а... Читать дальше...
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан йуха а тIевирзина республикехь зудайолоран барамашна. «ТIех харж йечаьрца къийсар», бахархошлахь нийсо латтон а декхаребира цо. Делахь а эксперташна хетарехь, и низам хьакхалур дац нохчийн куьйгалхочун гонах.